Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Май
2020

Новости за 01.05.2020

Radiomarsho.com 

Дагестанхошна 1,5 миллиард соьмана гIо дина олигархо Керимовс

Дезинфекци ен керла гIирс баийтина Дагестане олигархо, Федерацин Кхеташонан декъашхочо Керимов Сулеймана. Ишта, лоьрашна мел оьшучу гIирсан йоккха парти йохьуш кхин тIе а кема кхочур долуш ду тIедогIучу кIирандийнахь ХIинжа-гIала. Дерриг а сенаторо шен даймахкахь пандемица къийсам латто хьажийна 1,5 миллиард сом. Дагестанерчу могушапллин министралло хIоттийначу тептарца дIасакхачор ду гIо аьлла, дийцина Дербентан мэран пресс-секретаро Гамзатова Камилас. Оцу юкъана, коронавирусан инфекци яьллачу нахаца болх бан лоьрашна барзакъ а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кавказхошна даймахка юхабахка лаарх ца тоьу…

Черкес Лариса,                                                                                              "Кавказ.Реалии" Президента Путин Владимира аттачу яьккхина арахьарчу стагана Оьрсийчоьнан вахархо хила магош йолу кеп. Чергазийн юкъархоша дийцира низаман дикачу а, вончу а агIонех лаьцна Низамо дайдо арахьарчу нахана Оьрсийчоьнан паспорташ далар. Иштачарна магош ду, шайн мехкийн паспортех а ца бовлуш, Оьрсийчоьнан бахархой хила. Бинчу хийцамо таро ло Оьрсийчохь лакхара доьшийлаш чекх а яьхна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Со тIеман йийсархо вара, талорхо вацара"

Нохчийчуьра схьаваьлла Гакаев Мохьмад-Хьусейн карарчу хенахь Европехь политикан тховкIело йоьхуш ву. ЦIера Соьлжа-ГIалара ву иза, бизнесхо, гIишлошъярхо ву. Юридикан доьшийла чекхъяккхаза висира иза. Гакаевс бахарехь, Нохчийчохь шолгIа тIом болабелча, хIара Ичкерин эскархойх дIакхетча юкъахделира цуьнан дешар. 2001-чу шарахь "Врачи без границ" миссин куьйгалхо Глак Кеннет лачкъорна бехкевира жима стаг. ТIаьхьо набахтехь иттех шо даьккхира Гакаевс. Iамеркера лор лацарх а, иза маьршаваккхарх а, тIеман... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

COVID-19 вирусах 3 пациент велла Къилбаседа Кавказехь. Ун даьлла 549 вахархочунна

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу буса а, дийнахь а коронавирусах велла 3 пациент, цомгаш тIекхетта кхин а 549 стаг. Оперативан штабан информацица, ГIалгIайчохь велла 2, Къилба ХIирийчохь - 1.  Эпидеми яьржичхьана Къилбаседа Кавказехь велла COVID-19 вирусах 86 вахархо. Къаьсттина дукха бу инфекци яьлларш яхначу цхьана буса Дагестанехь – 164 ву: * Дагестан +164 (эпидеми яьржичхьана 1553) * Ставрополан кIошт +89 (651) * Къилба ХIирийчоь +73 (836) * Краснодаран кIошт +66 (1083) * ГIалгIайчоь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Коронавирусца къийсам: "машенаш дIаяха", "нораш хьекхийта"

Оперативан штабаца хиллачу рогIерчу кхеташонехь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана карантинан барамаш кхин тIе а чIагIбе аьлла, дIахьедина. Цо бахарехь, махкахь инфекцица болу нах совбовларца а, бахархоша изоляцин низамаш лардеш ца хиларца а доьзна ду иза. "ДIасалеларна дозанаш деттар - чIагIде боху ас. Арабовла бахьана а доцуш хехкалучаьргара машенаш схьаяха, дIахIиттабе уьш урамашка нораш хьекха, дарбан хIусамаш цIанъян. Цхьана кIиранах уьш чохь совцалуш бацара аьлла, нах балийта йиш яц", - аьлла цо ницкъаллийн структурийн белхахошка. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан премьер-министрах COVID-19 инфекци кхетта

Оьрсийчоьнан премьер-министрна Мишустин Михаилна коронавирусан ун даьлла. Цуьнан декхарш ханна кхочушдийр ду вице-премьеро Белоусов Андрейс. "Россия 24" каналан эфирехь бина и хаам еарин дийнахь Мишустина. Ша изоляцехь ву, амма министрийн кабинетаца зIенехь хир ву ша аьлла цо. Мишустина кхайкхам бина бахархошка карантинан низамаш лардар доьхуш. ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Оьрсийчохь 7 эзар сов стаг билгалваьлла коронавирусан ун шеца долуш. 101 пациент кхелхина. Эпидеми иккхичхьана вирус хьакхаелла 106 498 вахархочух. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхо хастийна Путин Владимира

Оьрсийчьнан президента Путин Владимира хастийна Нохчийчоьнан Iедалхой а, бахархой а коронавирусана дуьхьал цара латто къийсам бахьана долуш, яздо ТАСС агенталло. "Суна хаьа, Нохчийчохь бан ма безза беш бу болх. Рамзан Ахматовича ша дуккха а терго латтайо цунна тIехь", - аьлла Путина, "Мы вместе" оьрсийн акцин декъашхошца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь. Ишта Путина билгалдаьккхина, юкъараллан организацеша а, республикан бахархоша а доккха дакъа лацар, коронавирусна дуьхьал болийначу балха тIехь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь ун даьлла 485 стаг ву

Нохчийчохь 231 пациент товелла коронавирусах аьлла, хаам бина мехкан могушаллин министро Сулейманов Эльхана. Цо бахарехь, таханалерчу дийнахь 485 вахархо ву махкахь COVID-19 вирус кхетта. ТIаьххьарчу информацица, лоьрийн тергонехь ву эпидемиологин хьал телхинчу пачхьалкхашкара цIа веана 2406 стаг. Ишта министро дийцарехь, 11 стаг ву ИВЛ (пехашка хIаваъ кхачо) аппаратана тIетесна. Ткъа кислородан гIоьнца латтош ву 185 пациент.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *