Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Май
2020

Новости за 30.05.2020

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказ: коронавирусах велла 31 стаг. Ун даьлла кхин а 552 вахархочунна

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь 31 стаг велла коронавирусан уьнах. 552 дархо билгалваьккхина инфекцица. Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь велла 25 стаг, Къилбаседа ХIирийчохь - кхоъ, ГIебарта-Балкхаройчохь - шиъ, Ставрополан кIоштахь - цхьаъ. Кавказан регионашкахь верриг а COVID-19 инфекцех велла 437 пациент . Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Дагестанехь- 126: Дагестанехь +126 (4 830 ву эпидемии яьржичхьана) Ставрополан кIоштахь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь батIалхьажошна юкъахь кхийсарш хилла

Де хьалха ГIалгIайчуьрчу Наьсаран кIоштарчу уггар а ницкъе йолчу динан организацин декъашхошна юкъахь герзаш деттар нисделла, яздо "Кавказ.Реалиис".   "Болчу хаамашца, Сурхахи эвларчу бахархошна юкъахь дов иккхина динан буха тIехь. БатIалхьажойн кланера арабовла лаам хилла цхьаболчийн. Оцу тIехула эргIадбахначу тобанхоша герзаш а детташ, зуламе даьккхина дов", - дийцина "Интерфаксе" оцу хьолех хуучу метттигерчу вахархочо. Масех стагана чевнаш йина, уьш дарбан хIусамашка бигина. Инцидент талла йолийна, герз кхийсина нах лоьхуш бу. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь коронавирусан ун даьлла нах алсамбевлла

Кхаа дийнахь лагIделла а лаьттина, хIинца шолгIа де а ду Оьрсийчохь коронавирусан ун даьллачу нехан терахь кхуьуш долу, хааме даьккхина официалан статистикаца. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь пачхьалкхехь 8 952 стаг къаьстина COVID-19 вирус шеца хиларца. Дарба хилла 8 212 дархочунна. 181 стаг кхелхина. Пачхьалкхехь эпидеми яьржичхьана ун даьллера, официалан зерашца, 396 575 вахархочунна. Таханалерачу дийнахь вирус токхуш ву 224 551 стаг. ГIоле хилла 167 469 пациентана. Кхелхина 4 555 вахархо.

Radiomarsho.com 

Кадыровс ша могуш ву бахахь а, туркойн актераша "маршалла дойла" боху цуьнга

ВКонтактерчу шена пена тIехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцина, туркойн гоьевллачу сериалашчуьра актераш шеца зIене а буьйлуш, маршалла хуьлда баьхна шега, довха дешнаш а олуш. Туркойчохь а, цул арахьа а дика евзачу кинош чохь дакъалаьцначу артисташна Эмре Учтэпэ Мухьаммадна а , Озчивит Буракна, Сёнмез Нуреттина а, Ал Джелялна а баркалла аьлла Кадыровс, церан Марханаш къобал а деш. Каладоккху, кху деношкахь прессехь тIечIагIъянза информаци яьржира, Кадыровна коронавирусан ун даьлла бохуш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь 42 пациентана дарба хилла COVID-19 вирусах

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Нохчийчохь коронавирусан уьнах дарба хилла 42 пациентана аьлла, дIахьедина республикан могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана. Махкарчу хаамийн гIирсаша яздо цунах. ""ТIаьххьара пIераскан суьйранна хиллачу брифингехь дийцина министро, лоьраша ун толлуш ду 5 443 вахархочуьнца. COVID-19 вирус къаьстина кхин а 18 стагаца. Эпидеми чуеачхьана 787 пациент дарбан хIусамашкара араваьккхина гIоле а хилла. Велла махкахь уьнах 13 стаг. Сулеймановс дIахьедина, 18 стаг чолхечу хьолехь хилар. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалара юкъара транспорт йолаелла

Соьлж-ГIалара юкъара транспорт болхбан йолаелла.  Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь Нохчийчуьрчу транспортан министралло гIалин юкъарчу транспортан болх сацош бу, коронавирусан инфекци яржарца доьзна аьлла, дIахьедира. Карарчу беттан 18-чохь дуьйна цхьайолу юкъара транспорт юха а йолаелира. Ткъа Соьлж-ГIаларчу маршрутан таксин болх юкъахбаьккхира, пассажираша низамаш лардеш цахиларна. Беттан 27-чохь юха а магийра таксишна болх бан. "Кавказский узел" агенталле транспортан министраллан векало дийцина... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь 100 шо долчу къаночунна дарба хилла коронавирусах

Коронавирусан ун даьлла лазартнехь дарба лелийна Хьалха Мартанара йоккха стаг гIоле а хилла, цIа яхийтина, яздо ТАСС агенталло. Нохчийчуьрчу могушалла Iалашъяран министран инстаграмехь йоьдучу эфирехь дийцина цунах лаьцна мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Лоьрашца къамел хиллера сан, маьIне дац боху цара воккха хилар а, жима хилар а, шен дегIаца кхин а сиркхонаш хилахь а, дарба хуьлу нахана боху цара. Хьалха Мартанара 100 шаре яьлла къано тоелла, дарбан цIийнера араяьккхина", - дIахьедина Кадыровс. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *