Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Май
2020

Новости за 14.05.2020

Radiomarsho.com 

“Хьуна хан тухуш ю, нохчо хиларна а ву хьо бехке“

Иркутскерчу №1 изоляторерчу тутмакхна Хайдаев Хьумайдана сагатдо бакъоларъярхоша. Ангарскерчу №15 набахтехь хан текхна а ваьлла, 2020-чу шеран Дечкен-баттахь цIаваха везаш вара иза, амма чохь кхебира низамехь а доцуш. Цунах лаьцна дийцира бакъоларъярхочо Титиев Аюба. Цхьа стаг вен а вуьйш, набахтехь хилла гIаттам айбеш хьийзарна бехкево нохчо Хайдаев. Титиевс бахарехь, набахтерчу хьаькамаша лелочу харцоно гIовттина хилла тутмакхаш, ткъа оцу протестехь Хайдаевс лаьцна хуьлийла а дац дакъа. “Шена тоьхна 13 шо текхна, аравалийта везаш вара иза.

Radiomarsho.com 

Лоьху нохчийн тIемало; Афганистанера теракт; ГIело ярна латкъамбар

COVID-19 уьнах Къилбаседа Кавказехь 6 велла, вирус кхетта 505 стагана. ГIалгIайчоьнан Сунжа-кIоштахь лоьхуш ву нохчийн тIемалойн лидер Бютукаев Аслан. Афганистанехь эккхийтар дина. 5 стаг вийна, чевнаш йина 14 ву. Думан депутаташа зударшна доьзалехь ницкъбар талла аьлла, дехар дина Оьрсийчоьнан прокуратуре.

Radiomarsho.com 

Ниццера доктор ПетIамат

15 шо ду радиолог Бекмурзаева ПетIамат, ша Оьрсийчохь Iамийна лоьран корматалла дешарца дуьненан стандарте а ялийна, Францехь болхбан йолаелла. ХIинца Ниццехь шен долахь ю цуьнан дарбан хIусам. Яц гIишло могIарчу цIенойх – Оьрсийчоьнан императорехь Александр ШолгIачуьнгахь марехь хиллачу Долгорукая Екатеринин хилла цIа ду иза. Оьрсийн я нохчийн мотт а хууш, францойн мотт ледара буьйцу нах алссам бу ПетIаматан пациенташлахь. Дика евза иза хIинца лоьрашна-францошна а, пайде хилла еха Францина. Амма цкъа а диц ца до цо ша нохчо хилар.

Radiomarsho.com 

Афганистанехь динчу тIелатарехь пхи стаг вийна, вейтта лазийна

Афганистанан Гардез гIаларчу тIеман кхела хьалха тахана динчу эккхийтарехь мел лахара а пхи стаг вийна, 14 лазийна аьлла, хааме даьккхина Iедалхоша. Яздина цунах лаьцна Маршо Радион казахийн Азаттык сервисо. Иттаннашкахь маьрша нах байина хир бу, я чевнаш йина хир ю аьлла пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-секретаро Ариан Тарикъа. Афганистанан армин официалан векало бинчу хаамца, тIелатар дина, оьккхуьйтург йоьллинчу машенах пайда а эцна. Динчу зуламах жоьпалла тIелоцуш, дIахьедар даржийна "Талибан" боламан векало. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийн гIаттамхойн хьалханча Бютукаев Аслан лоьху ГIалгIайчоьнан полисхоша

Нохчийчоьнан дозанерчу Сунжан кIоштан хьаннашкахь ГIалгIайчоьнан полисхоша лоьхуш ю, нохчо Бютукаев Аслан коьртехь волу, гIаттамхойн тIаьххьара тоба, яздо "Интерфаксо". 2013-чу шарахь Нохчийчохь вийначу, "Кавказан Имарат" вовшахтоьхначу Умаров Доккин метта хIоттийна вара Бютукаев. Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанна тIехIоттарна санкцеш юкъа вахийтинера иза 2016-чу шарахь. ТIаьхьарчу масех шарахь нохчийн гIаттамхойн лидерех хезаш хIумма а дацара. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Доьзалехь зударшна ницкъбар талла аьлла Оьрсийчоьнан прокуратуре

"Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIарах болу депутаташ Милонов Виталий а, Земцов Николай а, Крупенников Владимир а, Юмашева Инга а Оьрсийчуьрчу Инарла прокуроре бевлла, карантинан раж йоьдучу заманчохь доьзалехь ницкъбар алсамдаьлла бохуш, хаамийн гIирсашкахь даржор талла аьлла. Парламентхошна хетарехь, цу тайпанчу информацино "сийсазйоккху доьзалан институт". Депутатийн кхайкхам  зорбане баьккхина "Царьград" телеканало. Юьйцург ю РБК агенталло Iораяьккхина артикл. Цу тIехь авторо яздора, Пачхьалкхан Думан депутаташа Пушкина Оксанас а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Меттигаш биссане а ца бисина, лазархой учешкахь Iохку "

Дагестанерчу Буйнакск гIалин коьртачу дарбан цIийнан травматолога Рашидов Мохьмада довзийтира шайгара хьал. "ЦIечу зонехь" (иштта олу коронавирусах цомгуш хиллачу нахана дарбадечу меттигах) итт дийнахь къа а хьегна, хIинца шен цIахь, изоляцехь, ву иза. - Муха ду хьал шун дарбан хIусамехь? - Инфекци йолчу нахана дарба лело кечйина оха тхешан меттиг. Итт дийнахь цкъа хийца а луш, болхбо оха. Итт дийнахь цигахь Iа, итт дийнахь цIахь, изоляцехь, Iа. Карарчу хенахь, балхара хийцавелла, цIахь ву со. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Адыгейхь тезетахь хиллачу 12 стагана COVID-19 ун даьлла

Адыгейн Красногвардейскан кIоштарчу Бжедугхабль эвлахь тезета веанчу 12 хьешаца а, меттигерчу бахархошца а коронавирусан ун къаьстина аьлла, яздо "Живая Кубань" хаамийн гIирсо. Оцу тезета еанчу зудчух даьржина лору ун. Дарбан цIийнан инфекцийн декъе охьайиллина иза. Ун даьллачийн уьйраш лаьттинчу 200 стагана тесташ йина лоьраша. ЖамIаш цкъачунна кийча дац. Адыгейхь коронавирусаца ву 271 дархо. Дарба хилла 187 пациентана, велларг 8 ву. Кхаарин дийнахь лаьрча, COVID-19 инфекци яьлла верриг а Къилбаседа Кавказехь 12 677 стаг ву. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь 505 стаг ву COVID-19 ун даьлла, яхначу буса велла – 6

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу зерашца коронавирусан инфекцех кхелхина ялх дархо, ун къаьстина кхин а 505 вахархочуьнца. Эпидеми ца яржийта кхоьллинчу оперативан штабан хаамца, Краснодаран а, Ставрополан а мехкашкахь шишша стаг велла, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалгIайчохь а цхьацца кхелхина. Верриг а Къилбаседа Кавказехь ун чудеачхьана велла 145 COVID-19 шеца хилла пациент. Къаьсттина дукха бу керла ун даьлла нах Дагестанехь - 98: Дагестан +98 (3 095 эпидеми яьржичхьана) Краснодаран кIашт... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу Сунжа-кIоштахь леррина операци йолийна ФСБ-но

Оперативан-талламан барамаш бу дIахьош ГIалгIайчуьрчу Сунжан-кIоштахь аьлла, информаци яржийна Интерфакс-Юг зорбан гIирсо. Бахархошна хьаннашкахь лелар дихкина оцу йолийначу операцица доьзна. Iедалхоша дехар дина махкахошка, шун кхерамзалла цунах боьзна бу, цундела шайн дехкарх нийса кхетахьара аьлла. Иштта Зазадоккху-беттан 4-чохь Сунжа-кIоштарчу Алкун эвлахь дIаяьхьначу леринчу операцехь вийра гIаттамхо ву аьлла, цхьа жима стаг. ФСБ-н информацица, Дагестанера схьаваьлла хиллера иза. Цуьнца шеца герз а, патармаш а, юург а хиллера.

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь COVID-19: 841 ву ун даьлла, кхелхина 9 пациент

Нохчийчуьрчу эпидемин хьолахь вистхуьлучу могушаллин министро Сулейманов Эльхана тIаьххьарчу дIахьедарехь билгалдаьккхина, лоьраша вирус юй хьожуш толлуш ву 3 777 стаг аьлла. "Чечня Сегодня" агенталло яздо цунах лаьцна. Иштта цо хаам бина, таханалерачу дийнахь коронавирусан ун даьлла махкахь 841 пациент хиларх. 464 вахархо, дарба а хилла, карантинера араваьккхина, кхин цкъа а тесташ йинчул тIаьхьа. Велларг исс стаг ву эпидеми яьржичхьана, аьлла министро. Могушаллин министраллан хьаькамо хаийтина... Читать дальше...


Скучнейший матч, серия пенальти и суперфинал: «Зенит» опять не смог победить, но выбил ЦСКА из Кубка России

Захарова: Россия осудила покушение на премьера Словакии Фицо

Агентство зарубежной недвижимости

Дилеры в России приняли решение о снижении цен на китайский аналог «Камри»



Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

За майские праздники по трассе М12 автомобилисты проехали более миллиона раз

Собянин объявил о начале фестиваля «Московская A Cappella»

Тороп травмировался после столкновения головами с Алипом. Вратаря ЦСКА увезли с поля, 19-летний Шайхутдинов вышел вместо него

Более 60 тысяч домов в Подмосковье газифицируют в этом году

Музыкальные новости

Чемпионат России по футболу для людей с ограниченными возможностями начался в Дзержинске

Эвелина Блёданс: Солнечная сказка для солнечных детей

Дети из Узбекского землячества Бурятии увидели театр кукол «Ульгэр»: Россия и Культура

В "Рексофт" рассказали, как развивается рынок ИИ-ассистентов в России

Новости России

Захарова пожелала скорейшего выздоровления Фицо и назвала его другом России

Московский военный округ возглавил Сергей Кузовлев

Бердымухамедов в Казани пригласил Гергиева на гастроли в Туркменистан

Более 60 тысяч домов в Подмосковье газифицируют в этом году

Экология в России и мире

Новая попытка азербайджанских вандалов исламизировать армянское культурное наследие в оккупированном Шуши

Семьи со всего Уральского федерального округа приняли участие в конкурсе «Это у нас семейное»

Новые городские проекты в сотрудничестве с парком Юрия Лужкова готовит Фонд Юрия Лужкова

Работники сервисного локомотивного депо (СЛД) «Чернышевск» филиала «Забайкальский» ООО «ЛокоТех-Сервис» заняли призовые места в соревнованиях Роспрофжел «Мы вместе»

Спорт в России и мире

Даниил Медведев одолел 121-ю ракетку мира Меджедовича и вышел в 1/8 финала Рима

Виктория Азаренко пробилась в четвертьфинал турнира WTA в Риме

Теннисист Медведев может потерять свое место в рейтинге ATP

Медведев с трудом одолел 121-ю ракетку мира на турнире в Риме

Moscow.media

Артисту оркестра ОМОН «Авангард» ГУ Росгвардии по г. Москве Алексею Огурцову присвоено звание «Почетный деятель искусств города Москвы»

«Байкал Сервис» открыл новый терминал на юго-востоке Москвы

Столичные росгвардейцы задержали молодую распространительницу наркотиков

Столичные росгвардейцы задержали мужчин, подозреваемых в хранении наркотиков







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *