Байден Джо тоьлла лору Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан харжамашкахь
Хажамкъасторхоша Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан дарж караэца оьшучу 270-ннал сов кхаж а тосуш, толаме кхачийна демократ Байден Джо. Оцу хьокъехь хаамаш баржийна, кхаьжнаш багарбина бовлучу кхаьчча Америкерчу уггаре яккхийчу информацин агенталлаша а, телекомпанеша а, газеташа а, шайлахь Associated Press, CNN, NBC News а долуш. БАЙДЕН Джозеф Робинет Вина 1942 шарахь Пенсильвания штатехь. Политикан некъахь цуьнгахь хиллачу уггаре лакхарчу даржех ду Американ вице-президентан дарж – 2009-2017 шераш, Обама Барак президент а волуш.