Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума лерина ю къаьмнийн республикашкара конституцин кхелаш дIаяха. Иштта дIайохуш и тайпа кхелаш Москвахь а, Петербургехь а, Калиниград-махкахь а. Низаман текст яьккхина лахарчу палатин сайте, яздо Маршо Радион оьрсийн сервисо.
Низаман проект чуелларш бу пачхьалкх кхиоран комитетан куьйгалхо Крашенинников Павел а, Федерацин кхеташонан конституцин низамийн комитетан куьйгалхо Клишас Андрей а. Низам, иза тIеэцахь, болх бан долалур ду 2023-чу шарахь.
ТIеэца кечдина ду низам. Читать дальше...