Ялх шо – Африкехь гIу яккха 7 201 сом хьажорна. Ахча террористашна делла боху
Москварчу тIеман кхело набахтин шогачу хьелашкахь яккха 6 шо хан кхайкхийна Къилбаседа ХIирийчуьрчу Гуев Георгийна. Иза бехкевина дагестанхочо Саситлинский Абу-Iумара лелочу "Мухаджирун" фонде "тероризм тIекIаеш" 7 201 сом хьажорна. Бакъду, юьхьанца талламо и ахча ду бохура 50 миллион сом. 28 шо долчу Гуевс бехк тIе ца эцна. Дуьйцу ахча ша хьажийна юьйцучу фонде, амма иза ша сагIийна делира, бусалба пачхьалкхашкарчу къехошна гIу яккхийта, чIагIдо цо. Амма цуьнан къамел тергамза дитина кхело. "Кхело цхьа а дехар, ала луург герга ца витира. Читать дальше...