Путинах тера йолчу йоьIан ненан яхта лардеш тIеман эскорт ю, хаам бо "Собеседнико"
Оьрсийчоьнан хIордан ницкъаша лардеш хила тарло Путин Владимирца дуккха хенахь дуьйна хьошаллехь йолчу Кривоногих Светланин хинкема, чIагIдо "Собеседник" газето. Интернетерчу цхьа сурт даладо цо тоьшаллина. Яхтина уллехь хичухула лелаш диверсина дуьхьаллаьтта хинкема ду суьрта тIехь гойтуш, Балтинкерчу флотан "Юнармеец Балтики" ду и кема. Кривоногих Светланин компанин долара чхта лардеш ду иза, боху "Собеседнико". Петербугана гена йоцчу Кронштадна гергахь 2020-чу шеран Охан-баттахь даьккхина сурт. Читать дальше...