Дагестанехь кхо полисхо лаьцна. Наркотикаш буха а кхийсина, ахча доьхуш
Шайгарчу даржо лучу бакъонел совбовларна, бозбуанчалла лелорна кхо полисхо лаьцна Дагестанехь. Мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бахарехь, "Дербентехь кхаа полисхочо, шайн белхан декхарш кхочуш дечу хенахь, вахархочунна наркотикаш буха а кхийсина, бехктакхамах хьалха вериг ахча дехна". Вахархо полисхоша доьхучу ахчан цхьа дакъа дIадала реза хилла, амма ша цара дIа ма-хецна арз дина министраллин куьйгалле. "Дагестанан къона чкъор" газето билгалдоккху лецна полисхой наркотикашца къийсам латточу декъера хилар. Читать дальше...