Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Февраль
2019

Новости за 11.02.2019

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь почтана герзаца тIелатар динарг каравеана

Хадархочунна чевнаш еш, Карабулакерчу почтана пIераскандийнахь тIелатар динчу тобанах цхьаъ дIалаьцна аьлла, хаамбина талламчаша. "Кавказский узел" агенталло яздира, коьртах чов йина Карабулакерчу почтан хадархочунна аьлла. Полисхойн зерашца, кхоъ хилла тIелеттарг, церан массеран а аьтто баьллера къайлабовла цу дийнахь. Талламчаша оршотдийнахь еллачу информацица, зуламхойх цхьаъ каравеана, уьш берш а республикера бахархой хилла аьлла, дIахьедина талламчаша. Ишта карийна зуламхой къайлабовлучу хенахь цаьргахь хилла "Лада Приора" машен а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Басаевца Псковн десантхошна тIелатар дина аьлла, чохь витна Казбулатов

Талламчаша Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанехь лаьттина ву аьлла, бехкевина Казбулатов Шемал Охан-беттан 30-чу дийне кхаччалц чохь вуьтуш, сацамбина Ессентукерчу кхелахоша. Стохка ГIуран-баттахь дIалецира иза. Казбулатов шеконашкахь ву, цо бандиталла а лелийна, зуламхойн тобанехь лаьттина, полисхошна кIело а йина аьлла, хаамбина Ставрополан "Свое ТВ" гIирсо. Маршо Радионо яздира, 2000-чу шарахь Нохчийчохь Псковн десантхошна тIелатар дина аьлла, лаьцначу Донашев ИбрехIимна а, Дудиев Нажмуддина а бехкаш тIечIагIдина аьлла... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Махкахь лелочу коррупцех 300 гергга информаци кхаьчна Евкуровга

Кху беттан 7-чохь Инстаграмехь шен телефонан лоьмар Iораяьккхинчул тIаьхьа 300 гергга махкахь лелочу коррупцех хаам кхаьчна ГIалгIайчуьрчу куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Беке. Урхалхочун пресс-гIуллакххоша бина и хаам. Нагахь шайца коррупци лелийна меттиг хилахь, оцу лоьмар тIе шега хаамбар тIедиллинера Евкуровс. "Кхаа дийнахь сан телефон тIе 280 сов хаам кхачийна бахархоша шайца коррупци лелийначу хьаькамийн цIераш йохуш. Яздина соьга могIарерчу бахархоша, кеп-кепарчу организацийн, хьукматийн белхахоша... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Пачхьалкхо ша кхиабо шена "экстремисташ"

Ахмедова Юлия "Экстремизмна дуьхьалоен" низамаш малдаро лахдийр дац гIитточу девнийн терахьаш, боху адвокаташа. Стенна го царна хьал ишта? Оьрсийчоьнан Инарла прокуратурин терахьаша гайтарехь, экстремизмо массарел а чIогIа лаьцна мохк бара стохка Дагестан. 75-за хьаьшна цигахь экстремизмна дуьхьаллаьтта низам. ШолгIачу меттехь ю ГIебарта-Балкхаройчоь – 40-за. Царел тIаьхьа ю Нохчийчоь, ГIалгIайчоь – шинхьа а 12-за, Кхарачой-Чергазийчоь – 8-за, Ставрополан мохк а, Къилбаседа ХIирийчоь а – 6-зза  шинхьа а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь "къамел а ца дойту" адвокаташка

Адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" Центран Соьлжа-ГIаларчу декъан куьйгалхочун Титиев Оюбан дов луьстуш ю Шелан кIоштара кхел. Шо сов ду кхелахо Зайнетдинова Мадина девнан доладеш йолу. Хийцам боццуш, цхьа сурт латтадо цо кхелехь: тIе ца оьцуш, юхатотту адвокатийн Заикин Петран, Дубровина Миринин, Новиков Ильян хIора дехар, шеконе ца доккхуш, кхочушдо прокурораша Ахматов Жабраила а, Байтаева Миланас а мел эриг. Муха лехьийра полисхоша "тоьшаллаш" Массех бутт хьалха дара кхелехь Титиев Оюба шена... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Москох йиттина ФСБ-н полковникна

Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн полковникна Будагоцкий Олегна йиттина. Полицерчу шайн хьостех пайда а эцна, бина и хаам РБК-н агенталло. Хьостано яздарехь, кIирандийнахь муьлш бу ца хуучу наха  Будагоцкий Олеган белхан машен чу шиша а кхоьсина, цул тIаьхьа йиттинера цунна шена. Муьлхачу хьолехь ву полковник хоуьйтуш дац, ишта дуьйцуш дац хиллачу инцидентех я официалехь а.

Radiomarsho.com 

Полшано Оьрсийчоьне дIавала кечвеш ву нохчо

Дозанхошца юкъахь Полшин кхайлахчу сервисаша дIалаьцна Нохчийчуьра схьаваьлла М.Нурмохьмад. Полшин зорбан агенталло бина и хаам, яздо "Московский комсомолец" хьостано. Байначу беттан 30-чу дийнахь дуьйна лаьцначу цунна гонах охкуш бара Iедалхой. Нохчийчуьра вахархо Оьрсийчоьне дIалуш сацам тIеэцна кхелахоша кху деношкахь. Полшин къайлахчу сервисаша "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанца уьйраш хилла ву аьлла, шеконашка эцнера иза.

Radiomarsho.com 

Берлинехь йоьдучу кинофестивалехь Сенцов маьршаваккхар тIедожийна

Оьрсийн набахтера украинхойн режиссер Сенцов Олег араваккхар тIедожийна Берлинерчу кинофестивалехь дIаяьхьначу акцехь. Полшин, Британин, Украинан режиссераша яьккхинчу "Мистер Джонс" кинон авторша а, украинхойн жигархоша а хIоттийнера и акци. "Укринформ" агенталлан хаамашца, акцин декъахой цIечу кузан некъа тIе хIиттинера, карахь Сенцовн суьрташ тIехь долу плакаташ а долуш. FreeSentsov а, Freedom of speech is not a crime ("Маршонан дош – зуламе дац") дара плакаташ тIеяздина. Аннекси йинчу ГIирмехь теракташ дан кечлуш хилла аьлла... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

52 процент бахархой ца теша Оьрсийчоьнан Iедалхойх

Пачхьалкхехь лаьттачу хьолах ма-дарра хоуьйтуш дац шайна аьлла хета Оьрсийчуьрчу 52 процент бахархошна. "Левада-центро" тIаьххьарчу шерашкахь динчу жамIаша гойту и терахь. Социологийн зерашца, 12 процент бахархой бен бац хьаькамех тешаш. Пачхьалкхо харцдерг дийца тарло экономикехь, могушалла Iалашъярехь, пенсхойн гIуллакхашкахь, зуламхошца лелочу къийсамех аьлла, тешна бу 33 % бахархой. Ишта "Левада-центро" къастийна, бахархошлахь 28 проценто президенте Путин Владимире а, Iедалхошка а йолчу бакъ дог-ойланех ма-дарра хоуьйтуш дац аьлла.

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалахь кафе яьгна

"Беркат" олучу Соьлжа-ГIаларчу базарара "Колизей" цIе йолу кафе яьгна оршотдийнахь, адамашна зен ца дина аьлла, хаамбина махкарчу орцан министралло. Iуьйранна 9 сахьт долучу заманчохь цIеяьлла хилла кафех. Яьгна чуьра хIусамаш а, тхов а аьлла, дийцина "Кавказский узел" агенталлан корреспонденте орцан министраллан белхахочо. ЦIе дIа а яйина, карарчу хенахь толлуш ду, цIе кхарстаран бахьанаш.

Radiomarsho.com 

Самукъане Къоьзан Iам

Iаьнан роже дирзина Нохчийчоьнан лаьмнашкарчу садоIийлийн дахар: салазаш, довха чай, кофе, дагах кхета эшарш. Йочанаша лайнах яккхарх, кегий а, баккхий а хьешех юьзина лаьтта дегIана а, сина а аьхна меттиг – Къоьзан Iам.

Radiomarsho.com 

Белоруссерчу школехь кхиазхочо дешархо а, хьехархо а дийна

Минскан кIоштарчу цхьана школехь урс диттина йийна хьехархо а, дешархо а. Цхьахволчу оцу школерчу кхиазхочо дина и зулам. Шиъ дийначул тIаьхьа вада гIоьртина хилла зуламхо, амма лаца аьтто баьлла полисхойн. Бехкзуламан гIуллакх долийна Белоруссин Талламан комитето. Дийцарехь, хьехархо а, дешархо дийна цо, ткъа чевнаш йина кхи шиъ дарбан хIусаме кхачийна. ХIун бахьанашца дина зулам, хууш дац цкъачунна.

Radiomarsho.com 

Дуьненаюкъарчу фестивалехь тоьлла нохчийн хелхаран тоба

Москох дIаяьхьначу «Folk dance» фестивал-конкурсехь толам баьккхина Нохчийчуьрчу "Заманхо" хелхаран тобано. "Халкъан хелхар" номинацин гран-при кхаьчна тобанхошна. Телевизионан проектехь дакъалоцуш хилла Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу регионашкара 60 гергга профессионалан тобанаш а, ишта СНГ-н а, кхечу пачхьалкхийн векалш а. Мехкан куьйгалхочо декъал йина ансамбл а, цуьнан куьйгалхой а толамца.

Radiomarsho.com 

Астраханан кIоштахь хиллачу бохамехь Нохчийчуьра 4 стаг лазийна

Яхначу буса Астраханан кIоштахь хиллачу некъан инцидентан хьокъехь талламаш болийна регионан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. «Астрахань - Кочубей - Кизляр — Махачкала» трасси тIехь 51 шо долчу Астраханан вахархочо урхалла ден «Volkswagen Polo» машен бетонан дуьхьалонех кхетта. Соьлжа-ГIала йогIучу машен чохь хиллачу 5 стагна чевнаш йина кеп-кепара. Хилла пассажирашлахь Нохчийчуьра кхо вахархо а. 16 шо долу нохчийн кIант кхетамчуьра ваьлла, дарбан цIийнехь Iуьллуш ву. Йолчу информацица, машенна урхалла дечунна тоьхна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Иракъерчу набахтешкара 27 бер арадаьккхина

Оьрсийчоьнан орцан министраллан кемано Иракъерчу набахтешкахь шайн наношца латтош хилла 27 бер Москох кхачийна кIиран суьйранна. Оьрсийчоьнан 10 субъектера ду даймахка далийна 4 шарера 13 шаре девлла бераш. Лоьраш а, психологаш а бу царна улло бевлла. Могушаллин Центрехь берашна духьал еара омбудсмен Кузнецова Анна. Яхначу аьхка дуьйна вовшахдетташ дара, и бераш цIа дерзо оьшу кехаташ. Таханалерачу дийнахь дерриг а Иракъера цIа далийна 57 бер. Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхочо Саратова Хедас журналисташка дIахьедина... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *