Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Февраль
2019

Новости за 20.02.2019

Radiomarsho.com 

Тоьках кхачо яр меттахIоттийна Нохчийчохь

Шинарин дийнахь юкъахдаьлла электросерло ялар меттахIоттийна Нохчийчурчу ярташкахь. Хьалхо Маршо Радионо дийцина ма хиллара, ток йоцуш йисинера Хьалха-Мартанан а, Гуьмсан а кIошташкара маситта юрт. Чиллан-беттан 19-чу Iуьйранна дIаяйнера 23 гергга эзар стаг вехачу Хьалха-Мартан кIоштарчу 6 эвла электросерлонах кхачо йон трансформатор. Цул тIаьхьа болх бечура сецира "Гудермес" подстанци. Верриг а тоьках пайда эца йиш йоцуш висина вара 60 сов эзар вахархо.

Radiomarsho.com 

Байкал ларбийр бу Кадыровн суьрто

Байкал Iам ларбан гIертачу жигархоша шайн кхайкхам тIехь болу баннер оьллина, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан сурт тIехь а долуш. Чиллан-беттан 20-чохь хиллачу зорбанан конференцехь Кадыровн суртах шаьш пайда хIунда эцна дийцина Иркутскерчу «Экозащита 365» юкъараллан куьйгалхочо Букалов Дениса. "Нагахь оха "Путин, ларбехьа Байкал" баннер оьллина хиллехь, президенте а, федералан Iедале а тхан ларам белахь а, цхьаммо тIе тидам бохуьйтур бацара цунна. Путине кхайкхамаш бо хIора денна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Депутат Шеин: Оьрсийчоьнан картина тIера яйна Нохчийчоь

Президент Путин Владимир Оьрсийчоьнан Федералан Кхеташоне къамел деш волчу чохь дIатоьхначу Оьрсийчоьнан Федерацин картина тIехь Нохчийчоь ца карийна "Нийсонан Оьрсийчоь" (Справедливая Россия) партин цIарх Пачхьалкхан Думан депутатана Шеин Олегана, хаам бо "Регнум" агенталло.    "Оьрсийчоьнан картина тIера мичча яханехь а яйна Нохчийчоь", - яздина Шеина шен Фейсбукерчу агIонехь. Ша чIагIдийриг гойтуш сурташ хIиттийна цо цу тIехь.    Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дина хIора шарахь Федералан Кхеташонна хьалха ша деш долу къамел. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Юха а – Эмираташка. Стенна леста Кадыров Малхбале?

Оьрсийчоьнна реза дац бусалба къаьмнаш, и хьал хийца гIерта Нохчийчоьнан куьйгалхо Ша Цхьанатоьхначу Iаьрбийн Эмираташка воьду, хаамбира Кадыровс. Официало цуьнан рогIера визит юьйзира инвестицеш леха араваларца. Абу-Даберчу дуьнено шен герзаш гойтучу "Айдекс-2019" барамехь а хир ву иза, бохура прессо. Амма цхьаболчу хаамийн гIирсаша Кадыров махкара аравалар дуьйзира иза даржах воккху бохучу эладитанца. Дуьйцург эрна доцчух тера ду, цо шен метта куьйгалла дIакхехьа бухавитина премьер-министр Хучиев Муслим, бохура хаамхоша. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIай – Путине: "Тхо массарел а кIезиг бакъо йолу къам ду"

Казахстанерчу гIалгIаша, шайна аьтто бац даймахка юхадерза, реабилитацех долу низам кхочушдеш дацарна а, Къилбаседа ХIирийчоь дуьхьал латтарна а, боху. Иштта хоуьйту, шайна нохчийн-гIалгIайн дозанаш къасточу барамо бинчу хьаамах лаьцна а.

Radiomarsho.com 

Дотацеш еллачу регионашна юкъахь 3-чу меттехь ю Нохчийчоь

2018-чу шарахь Оьрсийчоьнан федералан бюджетера уггар дукха дотацеш елла регион ю Дагестан. Финансийн министраллана тIе а тевжаш, РБК-но далочу терахьашца, цу республикана деллачу ахчанан барам бу 62,7 миллиард сом. ШолгIачу меттехь ю 48,3 миллиард сом делла йолу Якути. КхоалгIа могIа дIалоцуш ю Нохчийчоь. Оьрсийчоьнан федералан бюджетера стохка цунна делла 47 миллиард сом. Кхин дIоггара тIаьхьаюьсуш яц Оьрсийчоьно дIалаьцна Украинин дакъа долу ГIирма а (42,7 миллиард), Камчатка а (42,3 миллиард).

Radiomarsho.com 

4 стаг лазийна Катар-Юьртана гергахь некъахьовзамехь

Некъахьовзам хилла ТIехьа-Мартанан кIоштахь. Котар-Юьртара ВаларгтIе боьдучу некъана тIехь йогIу 46 шо долчу вахархочо урхалла дон ВАЗ-21099 тIекхетта оцу юьртара вахархо халха хиина йолчу Ауди-А8 машенна. И бахьана долу ши а шофер а, ткъа иштта машенашна чохь хилла ши некъахо а - 36 а, 26 а шераш долу ши зуда - лазийна, хаам бо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо. Лазийнарш дIакхачийна ТIехьа-Мартанан кIоштарчу дарбанан цIийне. Хилларг къастош бу Iедалан векалш.

Radiomarsho.com 

Росстат: Бахархошна рицкъ тIедар лахлуш ду Оьрсийчохь

2019-чу шарахь цхьанаметта лаьтташ ду ала мегар ду Оьрсийчуьрчу бахархойн долуш долу алапаш. 2017-чу шарахь хиллачарца дуьстича, церан хьаладовларан терахь дац 0,2 иттолгIа процент а бен. И терахь далийна Росстат урхалло. Цуьнца цхьаьна баккъалла а тIедогIучу рицкъан барам лахлуш бу хIора шарахь 1,3% процентана. Кху шарахь бахархошна тIедогIу рицкъ алсамдала мегаш ду 4 регионехь боху говзанчаша: Нохчийчохь а (1,5%), Новосибирскан (1%), Кемеровн а (0,9%), Иркутскан а (0,3%) кIошташкахь а. Говзанчаша дийцарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Москох латаран тIаьхьоло ца хилийта гIерта нохчйин а, азербайджанхойн а Iедалш

Нохчаша а, азербайджанхоша а дакъалоцуш хиллачу латаро бохор бац бIешерашкахь лаьттина цу шина къомана юкъара барт. Цунах лаьцна дIахьедар дина Москох цхьаьнакхеттачу Нохчийчоьнан а, Азербайджанан а куьйгаллин векалша.   Цу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш яра Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан Нохчийчоьнан цIарх волу депутат Делимханов Адам коьртехь волу депутатийн а, Iедалхойн а тоба а, Азербайджанан Москох векал Бюльбюль оглы Палад а, цуьнан ши хьехамча а, ткъа иштта шина а агIор муфтиятийн векалш а. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *