Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Февраль
2019

Новости за 13.02.2019

Radiomarsho.com 

Iедалхойн сий дайинчунна туху гIуда 20-зза лакхара хир ду

Интернетехь харц хаамаш Iорабахарна а, Iедалхой сийсазбеш йозанаш дитарна а тухуш долу гIуда 20-зза алсамдаккха тарло Оьрсийчохь. Цу кепара хийцамаш бина пачхьалкхан Думан депутатийн тобано, яздо ТАСС агенталло. Тухучу гIудан барам юьхьанца 3 эзарна тIера 5 эзаре кхаччалц дара. МогIарерчу бахархошна 30 эзарна тIера 100 эзаре кхаччалц лакхабаккхар доьху депутаташа. Ткъа даржехь болчеран охьадилла дезар ду 60 эзарна тIера 200 эзар соьме кхаччалц. ШолгIа а низам хьаьшна меттиг нислахь, 100 эзар соьмера 300 эзаре гIуда тохар доьху парламентхоша. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоь, Аланийн гIаланаш. Кавказхойн шира говзаллаш

Кху гIалин 2000 шо ду. Цу чохь баьхначу кавказхоша биргIанашкахула кхачийна хи шайна тIе, кхоьллина хIусамаш йохъен гIирс а. Федералан "Кавказ" некъ тобечу белхахошна Дошлакх-юьртанна уллехь карийна аланаш баьхна и меттиг. Креупновн цIарахчу археологин центрера а, Кавказан археологин институтера а говзанчаш бу гIала толлуш.

Radiomarsho.com 

Яндарбиев Зеламха вийна 15 шо хьалха

15 шо хьалха ша вехачу Къатарахь маьждигера араваьлла шен машен чу хууш, Яндарбиев эккхийтира Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан белхахоша. Цуьнан воI Дауд лазийра, Зеламха велира хиллачу чевнех.

Radiomarsho.com 

Гуьржийчоь Атлантикан альянсе дIаоьцуш ю. Маца?

Пересишвили Мзия,                                                                                                "Кавказан аз" ("Эхо Кавказа"),                                                                                        (Маршо Радион гуьржийн сервис) Гуьржийн пачхьалкхо догдоху Атлантикан тIеман альянсо ша кестта шен декъа схьаэцаре. Тбилисерчу Iедало а, дерриг а санна къомо а сатуьйсу оцу дийне. Гуьржашна сихха НАТО-н декъабаха марздеш ду деношкахь Европерчу Iамеркан эскарийн баьччас... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

9-чу классашкара бераш дIаэхарна дуьхьал ву Кадыров

Дахначу шарахь Нохчийчуьрчу школашкара 9-чу классера 10-че дехьаваьлларг 46, 1 процент дешархо ву. Оцу ситуацина ша реза цахилар дIахаийтина республикан урхалхочо Кадыров Рамзана. ЕГЭ дIаяла хаарш тоьар дац шен аьллачу беро эшабо шен ницкъаш. "Исс класс яьккхина школера бер дIадахар ледара тенденци ю. Уггар хьалха, дайша-наноша дика дешийта деза шайн берашка. Шайн доьзалхоша дуIу са а хууш хила беза дай-наной, кхана-лама шаьш къанделча шайга хьажа церан дезий а хоуьйтуш. Тахана шаьш чудиллинарг схьаоьцур ду аш кхана шайн берашкара"... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Донбассера хьал марсадаккхар дита аьлла Оьрсийчоьне Евробертан пачхьалкхаша

Ахчанца а, тIеман гIирсца а сепаратисташна гIо а латтош, Украинан Малхбалехь тIеман конфликт марсаяккхар сацаде аьлла, Оьрсийчоьне кхайкхамбина Францино, Германино, Великобританино, Белгис, Полшано а. Оьрсийчоьно ГIирмана аннекси ярна хьалха санна дуьхьал ю Европан пачхьалкхаш. Дуьненчуьрчу машарна кхерамаш латтош, Украинан суверенитет йохайо Москоха шен леларца аьлла ду юкъахь Евробертан пачхьалкхаша хIоттийначу дIахьедарехь. Украинерчу ситуацина леринчу ООН-ан Кхерамзаллан Кхеташонан цхьанакхетарехь бина цу кепара кхайкхам. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Москох йочана йолуш гIатта ца ло кеманаш

Москохарчу аэропорташкахь 43 кеман рейс сацийна лаьтта йочана бахьана долуш. Яндекс.Расписание сервисан зерашца, Домодедовехь кхо рейс юкъахъяьккхина, ткъа Внуковехь 11. Шереметьевехь а ду гIатта ца луш 11 кема. Йочана хIоьттина Москох тIаьххьарчу буса. Орцан министраллан хаамашца, кхааридийнан сарралц тIедогIуш ло а долуш, цхьацца меттигашкахь ша хьаьхна хир ю. Москохарчу транспортан прокуратурано талламаш бу дIахьош "Аэрофлотан" рейсаш Шереметьевехь юкъахъяхаран бахьанашца доьзна, пассажирашна оьшу хьелаш латтош дуй, хьовсуш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

СаIуда Iаьрбийчоьнан паччахьо 33 дагестанхо хьошалгIа кхайкхина

Дуьненаюкъарчу синбахамаллин а, искусствон а World folk.Vision  фестивалехь толам баьккхина Дагестанера тоба СаIуда Iаьрбийчу гIур ю итт денна, хаамбина "Кавказ.Реалии" портале Къилбаседа Кавказан гонашкарчу конкурсан директоро Муршидова Разитас.  Дербентехь а, Сочехь а хиллачу конкурсан массо а муьрехь тоьлла дагестанхой, дуьненчуьра гулбеллачу пхи эзар декъашхошлахь. СаIуда Iаьрбийчоьнан паччахьо хIора толам баьккхинчунна лерина билгалдаьккхина 2, 5 эзар доллар. 2017-чу шарахь фестивалан финал Туркойчохь хIоттийра, стохка ГIиргIазойчохь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Карабулакерчу почтана тIелатар динарш карабаьхкина

Хадархочунна чевнаш еш, ГIалгIайчуьрчу Карабулакан почтана къоладархьама герзашца тIелатар дина аьлла, шеконашца пхи стаг дIалаьцна полсихоша. Маршо Радионо хааме даьккхира, почтера 400 эзар сом а хьош, хадархочунна чевнаш еш, кху беттан 8-чохь хиллачу инцидентех. Росгвардин эскархойн гIоьнца дIалаца аьтто баьлла пхи стаг аьлла, хаамбина ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан сайтехь. "Уьш бехачу хIусамех хьоьвсинчул тIаьхьа, тоьшаллаш карийна, дуьйцу тIелатар цара дина хиларан", - яздо мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло шайн сайтехь а.

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь байинчийн доьзалшна компенсаци далар тIедожийна Европан кхело

Нохчийчуьра Бугаев Iалви а, Атабаев Алхазур а вийна масех шо даьллачул тIаьхьа Европан кхеле латкъамбина гIуллакх листина даьлла кхелахоша. Цу шиннан гергарчарна 200 эзар евро ахча дIадалар тIедожийна кхелахоша, аьлла адвокато Ицлаев Доккас. Шайн нах байарх гIуллакх кхачо йоллуш теллина дац аьлла, арздинера Бугаевн, Атабаевн, ишта орцан министраллан куьйгалхочун гIовсан Юнусов Русланан а гергарчара. "Кавказский узел" агенталло хаамбарца, Абиев Джабраил а, Атабаев Iалви а, Атабаев Олхазар а тIехь волчу машен чу автоматаш а йиттинера... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *