Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Февраль
2019

Новости за 14.02.2019

Radiomarsho.com 

"ТIамна кечлуш ю Оьрсийчоь" – Швецерчу институтан таллам

Бучнева Екатерина "Оьрсийчоь тIамна кечлуш ю" – иштта цIе ю Швецерчу тIеман министран турсан талламийн институто арахецначу артиклан. Оьрсийчохь дебаш лаьттачу тIеман Iаморех а, хIоразза а хийцалучу церан Iалашонех а лаьцна дуьйцу институто. Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума реза яц Швецерчу эксперташна хетачунна. "Дац тхо тIамна кечлуш, ца дохку цхьанненна а тIелата", дIахьедина Думерчу тIеман комитетан куьйгалхочун гIовсо Красов Андрейс. " Оьрсийчоьно дIа мел хьочу тIеман Iаморийн Iалашо цхьаъ ю ... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Яндарбиев вен бохура Путинан режимо"

Пхийтта шо хьалха, 2004-чу шеран Чиллан-беттан 13-чу дийнахь, Къатаре хьовсийначу Оьрсийчоьнан ницкъхоша вийра гоьваьлла вевза нохчийн политик Яндарбиев Зеламха. Нохчийн радикалийн декъах ву олура цунна цхьаболчу тергамчаша… Чолхе бара Яндарбиевн некъ – веккъа дIа яздархо хилла Iачу муьрехь а, Нохчийн Республикан Ичкерин лидер хIоьттича а. Цо санна чолхе а, хала а дIадаьхьинера шен дахар, и санна, президентан даржехь Iийначу инарлас Дудаев ЖовхIара а  - 1996-чу шеран Охан-беттан  21-чохь кеманашца тохар дина вийра иза. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьне Титиев Аюб маса дIахеца аьлла Европарламенто

Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхошна Iаткъам беш хиларх резолюци тIеэцна тахана Европан парламенто. Документ тIехь къастийна хьахийна Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхочунна Титиев Аюбна дуьхьал айдина гIуллакх. Ишта, дIахьедарехь тидаме эцна Нохчийчуьрчу даржхоша бакъонашларъярхойн болх емалбеш хилар. "Махкахошна тIаьхьадевлла лелар а дитий, бакъонашларъярхошна а, церан доьзалшна а, коллегашна а, агIончашна а, церан организацешна а тIаьхь ницкъбар" сацаде аьлла, кхайкхамбина Оьрсийчоьнан Iедалшка Европарламенто. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Полицехь воцчунна дихкина ницкъахочун барзакъ лелор

Ницкъаллийн структурашкарчу белхахойн духар лелочу нахаца профилактикан болх дIабаьхьна Гуьмса кIоштарчу полисхоша. ТIаьххьарчу хенахь даьржина могIарерчу наха арахь полисхойн духар лелош меттигаш аьлла, дийцина кIоштан полицин хьаькамо Байсултанов Юсупа. "Оцу нехан лелар шаьш ницкъаллийн структурашкахь болх беш долуш санна хуьлу. Дехар ду сан бахархошка, нагахь шун дахар ницкъаллийн структурашца дозуш дацахь, ма леладахьара аш тIеман барзакъ", - аьлла Байсултановс. Гуьмса кIоштарчу некъан полисхойн... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Мурманскехь нохчийн туризман центр схьайиллина

Охан-баттахь Мурманскехь Нохчийчоьнан туристийн информацин центр схьайоьллур йолуш ю аьлла, хаамбина "Кавказ.Реалии" портале туризман министраллан организацин-аналитикан декъан куьйгалхочо Дадаева Яхас. Цо бахарехь, стохка Мурманскера туризман центр зIене яьллера Нохчийчуьрчу коллегашца, шайн гIалахь центр схьаеллар доьхуш. Карарчу заманчохь нохчийн туризман центраш ехкина Петарбухахь а, Эстонерчу Отепяхь а, Германин Лейпцигехь а. Ишта центраш яхкарх дийцарш хьош ду Нижний Новгородерчу а, Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкарчу  а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь почтана тIелатар динчеран лаьттах доьллина герз хилла

ГIалгIайчуьрчу Карабулакан почтана тIелатар динчу тобан лаьттах доьллина герз дара аьлла, гучудаьккхина лаьцначех цхьаммо, хаамбо республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Маршо Радионо хааме даьккхира, почтера 400 эзар сом а хьош, хадархочунна чевнаш еш, кху беттан 8-чохь хиллачу инцидентех. Росгвардин эскархойн гIоьнца дIалаца аьтто баьлла пхи стаг аьлла, хаамбира ГIалгIайчуьрчу Талламан Комитетан сайтехь. "Уьш бехачу хIусамех хьоьвсинчул тIаьхьа, тоьшаллаш карийна, дуьйцу тIелатар цара дина хиларан"... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьра 77 % бахархой дуьхьал бу митинге бийла

Пачхьалкхера дахаран хьелаш тодархьама митинге а, акцешка а бовла реза бац Оьрсийчуьра дукхахболу бахархой. "Левада-Центро" бинчу талламийн зераша дина ишта жамI. 22 проценто урамашкарчу акцешка довла кийча ду шаьш аьлла, жоп делла. Оцу юкъанна 77 % респонденташ дуьхьал хилла митингашка лела. Юкъараллан, политикан организацешна ахчанашца гIо латто реза ца хилла 91 процент бахархой. 90 % Оьрсийчоьнан бахархойн лаам бац пачхьалкхерчу кеп-кепарчу тIегIанийн харжамашка шайн кандидатура хьалхататта. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш кечйина Iамерко

Украинера ситуаци а, кхечу пачхьалкхашкарчу харжамашна юкъагIортарна а аьлла, Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцийн проект кечйина Iамеркан сенаторо-республиканхочо Грэм Линдсис а, сенаторо-демократа Менендес Роберта а. Санкцеш хьакхалур ю цхьа могIа оьрсийн банкех а, энергетикан компанех а, яздо  Reuters агенталло. Газаца йоьзначу Оьрсийчоьнан пректаш а юкъаяха мега санкцешна. Ишта сенаторша хьоьху Оьрсийчоьнан президентца уьйрашкахь болчу нахана а, коррупцица боьзначарна дуьхьал а дозанаш тохар. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Школашка кхаа рожехь къа ца хьегийта гIерта Iедалхой

Нохчийчохь доьдучу шарахь 15 керла школа ян тIелаьцна Iедалхоша. Кхаа рожера дешар шина роже дерзорхьама а, лаьмнийн кIошташ кхион мехкан урхалхочун программица а догIуш, Веданан кIоштарчу Зеламхан-Юьртахь 220 берана лерина школа ян йолийна хIинцале а. Беной-кIотарахь 120 берана деша таро луш школа йина яьлла карарчу заманчохь. Школашкара кхаа рожера дешар шина роже дерзо карадогIучу шарахь ахча хьажор ду Нохчийчу аьлла, дIахьединера стохка. Ишта программи юкъа яхна Буряти а, ГIалгIайчоь а, Дагестан а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нехан хIусамашкахь къоланаш дарна кхеле хIоттийна нохчийн жимстаг

Шеца цхьана накъостий а болуш, герзаца нехан хIусамаш чу а вуьйлуш, ахчанаш даьхна аьлла, кхеле хIоттийна Нохчийчуьра 31 шо долу жимстаг, хаамбо Талламан Комитето. Церан версица, 2009-чу шеран Чиллан-баттахь цо а, кхи кхааммо а Октябрскан кIоштарчу цхьана хIусам чу а гIоьртина, герзаца кхерамаш туьйсуш, 500 эзар сом ахча а, механа еза цхьацца хIума а яьхьна хилла. Оццу шеран аьхка зуламхойн тобанца юкъахь кхечу цIа чуьра, доьзална тIехь ницкъбеш, дашо хIумнаш а, 10 миллион сом ахча а даьхьна хиллера цара. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ЧIебарла – Хой

Хой, Макажой, Ихара, Хьаркъарой... Советан Iедало нохчий махках бохуш йохийна ярташ, дахар меттахIотто ца юьтуш, еса лаьттина ЧIебарла. ХIинца хийцадала тарло цигара хьал – Iедало ша бийр бу бохучу аьттонашна тIе а тевжаш, ша-ша хьалагIур ву дайн лаьмнашка, олуш хеза чIебарлошкара. Юьхьанца денъенъерг ю Хой. Газ а, серло а ялийна цига. Билгалбевлла баха хьалабоьлхучийн доьзалш а. Маршо Радион къамел хилира Хойрчу юьрдеца.

Radiomarsho.com 

Каримов: "Информацин гей-атака ю Нохчийчоьнна йийриг"

Нохчийчохь гейшна тIехь ницкъ латтабо аьлла, ООН-ан адамийн бакъонаш ларъечу хьукмато динчу дIахьедарна комментари йитина Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретаро Каримов Iалвис. "Оьрсийчоьнна дуьхьал йолийначу политикан гурашкахь" Нохчийчоьнна йина "информацин гей-атака" ю иза аьлла цо. "Шайн эхь, бехк дацарехь дозанаш хедийна цара." Женевехь а, Вашингтонехь а охьа а хевшина, бух боцу дIахьедарш кар-кара оьцуш, даржадо цара боху Каримовс. Гей ву аьлла, шеконашца цхьа стаг дIалаьцна вац Нохчийчохь аьлла, чIагIо йо пресс-секретаро.

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь кхо жимстаг лачкъийна вигина

ТIеман барзакъ доьхначу наха лаьцна вигина Грозненск-кIоштарчу ЧIаьнти-Юьртахь кхо жимстаг дахначу оршотдийнахь. КIоштан бахархоша бина и хаам "Кавказ.Реалии" портале. Кегийрхой дIалецаран бахьанаш хууш дац шайна аьлла цара. Ишта къаьстина дац муьлхачу структурашкарчу ницкъахоша дIаяьхьна и операци а (кхаа жимчу стеган гергарчаьрга хаийтина хIума дац). "Кавказ.Реалии" портало лецна бигинчех хаьттича, шайгахь "информаци яц" аьлла, дIахьедина Грозненск-кIоштан полисхойн декъехь. ДIавигинчу кхааннан цIераш билгалъевлла портална... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *