Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Февраль
2019

Новости за 22.02.2019

Radiomarsho.com 

Талламан изоляторехь Iазап ловш волу шен кIант кIелхаьрваккха гIерта Нохчийчуьра яхархо

Омскан кIоштарчу колонин талламан изоляторехь воллучу Нохчийчуьра схьаваьллачу тутмакхана Акиев Аптина тIехь Iазап латтош ду. Цуьнга даре дайта гIерташ бу ницкъаллин структурийн белхахой колонехь къепедацарш вовшахтохар, дуьйцу цуьнан нанас Акиева Марета, хаам бо "Кавказский узело". Талламан изоляторехь Iазап ловш волу шен кIант кIелхьарваккха гIерташ дехар дина Акиева Марета Оьрсийчоьнан президентан Iуналлехь йолчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан куьйгалхочуьнга.   Омскан кIоштарчу колонехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Мисарахь лаьцна кхобучу пхеа гIалгIачуьнгара хьал

Шаьш Мисарарчу ницкъхойн карарадовларе сатуьйсу лаьцна кхобучу пхеа гIалгIачо. Ца кхета тутмакхийн гергарнаш: Оьрсийчоьнан дипломатийн бала стенна бац хиллачун? Стохка аьхка лаьцначу Ал-Азхар университетан пхеа студентах кхааннан да-нана Iа КъахIирехь шайн берашна кхел йина яларе сатуьйсуш. Экстремизмна бехкебо кегийнах. Визан раж талхораш лоху аьлла, "Диъ ах" цIе йолчу шахьаран агIонехь дIаяьхьначу операцехь лийцира полицино Оьрсийчуьра баьхкина божарий. Хан ялале депорт йира царех цхьаболучарна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Хьонка боккхуш 4 стаг лаьцна Германехь

Германерчу Лейпциган полицино 4 стаг лаьцна, 30 гергга кила хьонка а боккхуш. "Вайдахар" зорбанан гIирсо яздарехь, иза хилла Чиллан-беттан 18-чу дийнахь. Цо билгалдаккхарехь лецнарш нохчий бу. Галешкахь цхьаъ гулйеш бохкучу нахах лаьцна полицин белхахошка хаам бина хилла Connewitzer Wehr халстуна (шлюзана) уллехула ларамаза тIех бовлучу наха. 36-51 шераш долчу малхбалерчу Европера схьабевллачу нахехь хилла каранаш а, арсаш а, кагтуханаш а, кхин болу а цхьаъ лахьор болх бина лелачу нахехь хуьлу гIирс. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шемара хьал дийцаре дина телефонехула Трампа а, ЭрдохIана а

Телефонехула къамел хилла Iамеркан а, Туркойчоьнан а президентийн Трамп Доналдан а, ЭрдохIан Реджепан а. Цу шиммо дийцаре дина Шемара хьал, хаам бо туркойн Anadolu Ajans агенталло. Цо дийцарехь, шина президенто барт бина Iамеркан эскарш Шемара арадахарх лаьцна, шина а агIонна луург кхочуш а деш. Къамел дерзош Iамеркан а, Туркойчоьнан а хьалханчаша биллам бина шина пачхьалкхан экономикан юкъаметтигаш шоръян а, вовшашца махбаран терахь 75 миллиард долларе хьаладаккха а.

Radiomarsho.com 

Нурмагомедовна дисквалификаци ярехь «ерриг Кавказ кӀезиг хетар" гина Кадыровна

Латархочунна Нурмагомедов Хьабибана дисквалификаци  ерриг Кавказ  кӀезиг хетар ду аьлла хета Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Цунах лаьцна цо яздина шен Instagram-хь. Нурмагомедов юкъарваьккхина 9 баттана турнирашкахь дакъалацарна, ирландхочуьнца Макгрегор Конорца леттачул тIаьхьа? октагонна юкъара а ваьлла, хьажархошна юкъахь буй-тIарий дарна.

Radiomarsho.com 

Кадыров вен гIоьртина нохчо таксист верна лаьцна Москох

Москох Кузьминкин кIоштан кхело Оханан-беттан 14-чу дийне кхаччалц талламан изоляторехь латто сацам бина Самаркандан булварехь стаг верне куьгбехке хила мега аьлла лаьцна волу Хамиев Лорс, хаам бо «360» цIе йолчу сайто. Кху беттан 16-чохь иза лецира полицино Ростох махкахь. 52 шо долу таксилелорхо Оруджев Гариб вийна Чиллан-беттан 15-охь Москох малхбалехь иза вехачу хIусамана хьалха. И зулам дар дIаяздина видеотергонан камераша. Оруджев вийна "Глок" тапча тоьхна. И зулам дина "Неолит" кафена хьалха латар хиллачу дийнахь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Таджикистанерчу эшархочо йиш яьккхина Кадыровна

Таджикистанера эшархочо Курбанханов Толибджона рэп лекхна Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран "тешаме накъостан" Кадыров Рамзанан сий деш. "Керла йиш „К. Р. А.“ – ас ларар ду Оьрсийчоьнан турпалохо", - яздина Курбанхановс YouTube-хь ша йиш дIахIоттош. Иза шуьйра йийцаре еш ю YouTube-хь. Дукхаха болчара шаьш реза ца хилар гойту эшархо Кадыров хестош хиларна.

Radiomarsho.com 

Каталони йозуш цахиларехьа акцешкахь лазийна 40 стаг

Дуьхьалонан акцийн декъашхой полицех тасабалар бахьана долуш 40 стаг лазийна Испанерчу Каталонехь, хаам бо Reuters агенталло. Иштта лазийна ву 12 полисхо. Дуьхьалонан акцеш йоьзна ю стохка гурахь Каталони Испанех йозуш цахилар кхайкхийначу хьалханчаш хиллачу нахана тIехь Мадридехь дIахьош йолчу кхелаца. Болчу хаамца, Барселонехь маситта меттехь адамаш гулделлера Каталони йозуш цахиларехьа кхайкхамаш беш. Иштта, Барселонин юккъерчу цхьана майданахь полисхой чхьонкарш етта буьйлабелла кегийрхошна, шайна цара тIулгаш кхиссина аьлла. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *