Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Ноябрь
2019

Новости за 14.11.2019

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу "Цхьааллин Оьрсийчоьно" харцдина цу парте нуьцкъала бюджетникаш дIаоьцуш бу бохург

"Цхьааллин Оьрсийчоь" партин Нохчийчуьрчу декъан исполкоман куьйгалхочо Динаев Iадлана харцбина бюджетникаш нуьцкъала цу парте дIаоьцуш бу боху хаамаш. Цо дийцарехь, иза рогIера юкъакхоссар (вброс) ду зорбан гIирсаша дина долу, хаам бо Кавказ.Реалиино. Шайна оьшуш хIума дац партин куьйгалхошна хьалха муьлхха а гайтамаш алсамбахар, аьлла Динаевс.   Кавказ.Реалиино дийцарехь, бюджетникаш нуьцкъала "Цхьааллин Оьрсийчоь" парте дIаоьцуш хиларх лаьцна хаамаш хIинца а кхочуш бу Нохчийчуьра. Иштта... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (14.11.2019)

Некъ баста дагахь бац гуьржий, Тилэкса бехк цабиллар дехна Кадыровг, ГIалгIайчохь яйна 19 шо долу йоI (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Radiomarsho.com 

Маршо Радион кIиранан хаттаран жамI

Пайхамарна (Делера Салам-Маршалла хуьлда цунна) 5 эзар салават диллар тIедожийна нохчийн динан дайша хьукматийн а, урхаллийн а белхахошна. Шуна хIун аьлла хета, оьший нахана планаш а етташ, бертаза цу кепарниг тIедожон?

Radiomarsho.com 

Итум-Кхаьллара Шатили боьду некъ схьабаьлла дагахь яц Гуьржийчоь

Гуьржийчоьнан премьер-министран Оьрсийчоьнца юкъаметтигашкахула леррина векал волчу Абашидзе Зураба дIахьедар дина, нохчийн Итум-Кхаьллара гуьржийн Шатили боьгIу некъ схьабаьлла дагахь дац шаьш аьлла. Цул сов и хаттар цкъа а дийцаре а ца дина, аьлла цо. Цунах лаьцна хаам бо Kvira.ge сайто. Цу кепара комментари йина Абашидзес Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийчуьра Гуьржийчу некъ биллича дика хир дара аьлла юха а хьахорна.   Кхаарин дийнахь журналисташна хьалха вистхуьлуш Кадыровс... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь лоьхуш ю лар йоцуш яйна 19 шо долу Хампиева Мадина

ГIалгIайчохь лоьхуш ю 8 де хьалха дуьйна карош йоцу Хампиева Мадина. 19 шо долу йоI цIераяьлла кху беттан 6-хь. Цу хенахь дуьйна зIене йолуш яц иза гергарчу нахаца, хаам бо «Регион Онлайн» сайто.     Лар йоцуш яйна Хампиева лахар доьхуш полице кехат чуделла цуьнан 37 шо долчу девашас. Хиллачух лаьцна хаамаш оцу сохьта дIасабаьржина социалан машанашкахь. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан ГIалгIайчуьрчу урхалло бинчу хаамца, яйначу йоIех хилла паспорт а, мобилан телефон а.

Radiomarsho.com 

Адвокат Ашимов Марат: "Къаьсттина бусулбанашна ницкъбо набахтехь"

Интервью кечйина Азатлык Радион корреспонденто Мордовин Сосновка олучу меттигерчу лоьмар 7 йолчу колонехь тутмакхаша мацаллин протест кхайкхинера. Цхьа кIира даьлча, кху беттан 9-чохь, юкъахъяьккхира протест. Карарчу шеран Чиллан-баттахь керла хьаькам Сергушкин Сергей хIоттийра набахтехь, хIетахь дуьйна тутмакхийн хьелаш талхийна аьлла хета. Цхьахволчу тутмакхан адвокато Ашимов Марата Азатлык Радиона еллачу интервьюхь дийцина, тутмакхаша мацалла кхайкхоран бахьанех а, колонин куьйгаллица берта бахарх а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Францера Шема вахарна - 10 шо

Турчаев Хасанбекна набахтехь даккха итт шо хан кхайкхийна Францехь. Исламофобашна кхин тIе а бахьана хIоьттина цунах.

Radiomarsho.com 

Блогеро Тилэкса бехк цабиллар дехна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга

"Успешная группа" (Кхиаме тоба) тобанан солисто, блогеро Смирнов Александара (изза ву Саша Тилэкс) бехк ца биллар дехна Кадыров Рамзанна пароди ярна. Цуьнан а, цуьнан накъостан а видеокхайкхам гучубаьлла интернетехь кхаарийн дийнахь, яздо Кавказ.Реалиино. "Бехк ца биллар деха лууш ду тхо Нохчийн Республикан куьйгалхочуьнга, Оьрсийчоьнан турпалхочуьнга Кадыров Рамзан Ахматовиче а, дерриг а нохчийн халкъе а пародин ролик яккхарна", - болабо шайн кхайкхам жимачу наха.   "Контракт" клипан сюжетехь рэперо Тиматис гIо доьху Кадыров Рамзане... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIаларчу аэропортана реконструкци йийр ю хенал хьалха

Соьлж-ГIаларчу аэропортана реконструкци яр дIадолор ду 2021-чу шарахь, дагалаьцна хиллачу хенал а хьалха, ткъа дIадоьрзур ду 2023-чу шарахь. Цунах лаьцна дIахьедар дина кхаарин дийнахь Нохчийчохь хиллачу Оьрсийчоьнан транспортан министро Дитрих Евгенийс.   Соьлж-ГIаларчу аэропортана реконструкци яр Росавиацин дехарца юкъадахийтинера "Оьрсийчоьнан Федерацин транспортан система кхиар" олучу пачхьалкхан программина. Кеманаш гIуьтту а, охьаховшу а аса а (2300 метр), аэропортан керла комплекс... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Туркойчоьно дIалуш бу даIишхой

Материалан язйинарг таджикийн Озоди Радио ю "Исламан пачхьалкхан" тобанехь тIемаш бина бу аьлла, шеконашца дIалецна кхечу пачхьалкхашкара нах дIабала болийна Туркойчоьнан Iедалхоша. Дахначу оршотдийнахь туркойн чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хаамбира, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн вахархо шаьш хIинцале а дIаваларх. Ишта дIакхайкхийра, еаридийнахь Германин ворхI вахархо а дIахьажош ву аьлла. Депортаци ян кечвеш ву Францера 11 стаг а, даIишхой лаьттина Ирландера а, Данера а бахархой а. Шаьш схьабевллачу мехкашка дIахьийсош бу и нах. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

УНА-УНСО-н куьйгалхойх волу Мазур цIавирзина Украине

Оьрсийчоьнан дехарца Польшехь лаьцна хилла УНА-УНСО-н гIаьнтден когаметта Мазур Игорь цIавирзина Украине кхаарин сарахь. Цунах лаьцна шен Фейсбукерчу агIонехь хаам бина чоьхьарчу гIуллакхийн министран когаметто Геращенко Антона. Мазур юхавирзина хилар тIечIагIдина Украинин омбудсмено Денисова Людмилас а. Цо дийцарехь, кхечу украинахошца Варшаве конференце воьдуш кху беттан 9-чу дийнахь Польшехь лаьцна Мазур Украинин территорина тIеваллалц цунна юххе ваьлла хилла Украинин Люблинера инарлан консул. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кхерамна кIел яхана Чехера «Адам -кхерамна кIел» юкъаралла

Оьрсийчоьно шена зуламе лоручу организацийн тептара язйина «Адам – кхерамна кIел» цIе йолу бакъоларъярхойн юкъаралла Юстицин министралло ша яржийначу пресс-релизехь боху, Оьрсийчохь хуьлийла лаам боцчу арахьарчу а, дуьненаюкъарчу а организацийн могIара язйина ша Чехера  "Člověk v tísni, o.p.s" ("People In Need", оьрсийн маттахь - "Человек в беде") юкъаралла. «Оьрсийчоьнан бахархойн коьрта бакъонаш а, маршонаш а эшош болчу наханна ечу дуьхьалонех» цIе йолчу федералан низамца а догIуш, Оьрсийчоьнан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра Гуьржийчу некъ биллар юха а хьахийна Кадыровс

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхаарин дийнахь журналисташна хьалха къамел деш юха а хьахийна Нохчийн Республикера Гуьржийчу некъ билларца доьзна хаттар. Цунах лаьцна хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Кадыровс дийцарехь, цу тайпа некъ вуно маьIне бу ерриг а Кавказана. "Итум-Кхаьллара Гуьржийчу 40-50 минотехь кхача аьтто бу, цигахь некъ бара тхан. Нагахь цу тайпа некъ биллахь, Туркойчухула Европе а кхачалур ду, Къилбаседа Кавказана иза вуно оьшуш некъ бу", - аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *