СаIуда Iаьрбийчу Iумрат дан ваха йиш ю Дагестанера
ХьаьжцIа боьлхучу нахана кехаташ кечдечу дагестанхойн "Мавра-Тур" компанино дIахьедина, Iумрат дар юхадолийна хиларх. Хьалхара рейс хир ю ГIуран-беттан 15-чу дийнахь, яздо Кавказ.Реалиино. Хаам барехь, зияртхойн таро хир ю ХIинжа-ГIалара Джидде доьдучу кеманахь ХьаьжцIа кхача. Виза а, шина а агIор билеташ а, Меккехь а, Мединехь а хан яккхар а лерича, мах бу 990 долларш – оьрсийн соьмашца хуьлу иза 70 эзар гергга. Марсхьокху-баттера схьа дуьйна СаIуда-Iаьрбийчоьнан Iедалхоша тIеоьцуш бу Pfizer, Moderna... Читать дальше...