ХIунда оьшу Кадыровна доттагӀий-гӀаланаш?
Нохчийчуьрчу гIаланашца вашалла кхолла лааран Iалашо йовзийтина Босни а Герцеговина а пачхьалкхарчу кхаа гIало Европерчу бусулбанийн Форумехь
Нохчийчуьрчу гIаланашца вашалла кхолла лааран Iалашо йовзийтина Босни а Герцеговина а пачхьалкхарчу кхаа гIало Европерчу бусулбанийн Форумехь
Берлинехь хууш доцчу бахьанашца велла карийна Оьрсийчоьнан векалаллин шолгIа секретарь. Оцунах лаьцна пIераскан дийнахь хаам бина немцойн Spiegel зорбан гIирсо. Цуьнан публикацехь дуьйцуш ма хиллара, полицина 35 шо долчу стеган дакъа карийна ГIадужу-беттан 19-хь Iуьйранна Оьрсийчоьнан дипломатин миссина хьалха тротуарана тIехь. Цунна реанимаци ян аьтто ца баьлла. Хетарехь, дипломат корах чувоьжна хила мега лакхарчу тIегIантIерча. Spiegel-а бинчу хаамца, дакъа хIинцале а дIаделла Оьрсийчоьне. Журналисташа деллачу хаттарна жоп луш... Читать дальше...
Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто хаам бина, Америко Саудийн Iаьрбийн пачхьалкхана "хIаваъ-хIаваъ" олучу классан 650 миллион долларна ракеташ йохкар къобалдина хиларх лаьцна, шайн мохк тIехь пилоташ боцчу т1емайолучу аппаратех ларбан цаьрна оьшуш йолу. Оцу сацамо аьтто бийр бу саIудахошна шайн йолчарна тIе кхузаманахьлера юккъера геналла йолу AIM-120C 280 ракета а, цуьнца богIу гIирс а эца, аьлла ду бинчу хаамехь. Пачхьалкхан департаментан векло дийцарехь, СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкха хIинцале а пайда эцна ю и ракеташ... Читать дальше...
Ставрополан гIалан Промышленни кIоштан кхело жоьпе озийна делах теша кхо стаг, Iедалшца дага а ца бовлуш, цара динца йоьзна мероприяти ярна. Саламов Мохьмада а, Хаамирзаева Раджаба а, Гитинов Мохьмада а даре дина шаьш бехке хилар, ламаз а деш, динца боьзна бусалбанийн гулам дIабахьарна. Административа бехктакхаман гIуллакх къастош гулйинчу материалашца а догIуш, Ставрополехь "София" олучу банкетин чоьнехь дин лелорца боьзна гулам дIабаьхьна цара, Iелим наха хьехамаш а беш, назбанаш а олуш. Оцу вовшакхетарехь дакъалоцуш хилла 200 сов стаг... Читать дальше...
Американ Пачхьалкхан департамента мах балар кхайкхийна 10 миллион доллар барамехь, Американ Федералан талламан сервисо (FBI,ФБР) Оьрсийчоьнца юзучу DarkSide хIакерийн тобанан муьлхха а лидер мила ву къасто аьтто луш болу хаам бинчунна. Цул сов 5 миллион доллар гергга кхайкхийна, муьлхха а муьлххачу а пачхьалкхехь оцу трбан декъашхо лаца аьтто беш информаци еллачунна. Кхушара Стигалкъекъа-баттахь DarkSide тобанан хIакерш тIелатар дира Американ биргIанаш тосу Colonial Pipeline компанина. Цхьана кIиранна шен биргIанийн машанан болх а сацийна... Читать дальше...