Фортангехь бечу белхашна оьгIазбахна гIалгIайн жигархой "питанчаш" бу аьлла Кадыровс.
Дозанна гергарчу Фортанга хийистехь нохчийн Iедалхоша йистош чIагIъеш болийначу белхашна тIехула хиллачу инцидентна комментарий йина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Луларчу республикан юкъаралле а ца хоуьйтуш, уьш болорна а, хин харш хийцарна кхоьруш а ГIалгIайчуьрчу Сунжа кIоштахь халкъан гулам хIоттийнера. "ГIалгIайчоьнца долчу дозанийн тема меттахъяьккхина ас. Кхайкхамбина вежараллин халкъе, националистийн карта ловзо яьлла питанчийн цхьа тоба сацае аьлла. И хааттар дIакъевлина ду гуттаренна а... Читать дальше...