Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Июль
2018

Новости за 17.07.2018

Radiomarsho.com 

Iаьрбашна хьажийна хьешан цIа дийр ду Нохчийчохь

Гергарчу хенахь леррина Iаьрбийн пачхьалкхашкарчу хьешашна хьажийна тIекъелдина цIа дан долор ду Нохчийчохь. Цунах лаьцна республикан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане хаам бина дукха хан йоцуш Кувейте ваханчура цIавирзинчу муфтис Межиев Салахьа, хаам бо Кавказ.Реалиино. Кувейтехь муфтис барт бина инвесторшца Соьлж-ГIалахь Iаьрбийн мехкашкара богIучу нахана леррина цIа дан. Цул сов, Межиевс бинчу хаамца, цу пачхьалкхо Соьлж-ГIалахь йийр ю хьуьжар а. Цуьнан территорина тIехь дийр долуш ду "Iаьрбийн цIа".

Radiomarsho.com 

ОБСЕ-н Украинерчу миссех лаьцна хаамаш карабахна Оьрсийчоьнна

Оьрсийчоьнан талламан урхаллан белхахойн аьтто баьлла ОБСЕ-н Украинерчу малхбалехь йолчу тергамхойн миссин документашна тIекхача. Цунах лаьцна хаам бина немцойн ARD телекомпанино. Цу документашна юкъахь бу цу тобанан декъашхойх лаьцна болу хаамаш а. Уьш Оьрсийоьнан агенташка дIабелларг ву ОБСЕ-н миссин белхахошна юкъахь волу шпион.   Дийцарехь, цо лачкъийначу досьена юкъахь бу ОБСН-н миссин декъашхойх лаьцна болу хаамаш, шайна юкъахь телефонийн номерш а, хIоранна а марзделларг а, хазахета зударий тайпанаш а, финансашца доьзна хьал а долуш.

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь тIом бина стаг зуда ерна набахте хьажийна Сочин кхело

Нохчийчуьрчу тIамехь дакъалаьцна волу Сочин вахархо Дзятковский Андрей, 14 шо хан а тоьхна, чувоьллина совдегар Сырцова Лиана ерна. И зулам цо динера 2012-чу шарахь. Хадархо болх беш волчу цу стага Сочи гIалан юккъехь «Венеция» туькан уллехь герз диттина йинера цу махбаран хIусаман долахо йолу зуда. Цу хенахь дуьйна къайлаваьлла лелаш вара иза. ТАСС агенталло бинчу хаамца, стохка Тайландан Iедалша, схьа а лаьцна, Оьрсийчоьне дIавеллера зуламхо. "Коммерсанто" яздарехь, Дзятковскийна таIзар билгалдоккхуш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Политковскаян доьзална 20 эзар евро дала декхарелахь йина Оьрсийчоь

"Новая газетан" журналист Политковская Анна ерна цуьнан доьзална дIало аьлла Оьрсийчоьннна 20 эзар евро тIедожийна Европан адамийн бакъонашкахулачу кхело. Оцу хьокъехь бина сацам зорбане баьккхина Страсбургерчу кхелан сайта тIехь. Оцу кепара Европан кхело Оьрсийчоь жоьпаллехь лерина журналистан яха йолу бакъо йохорна. Политковская Анна йийна 2006-чу шарахь ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь Москох. «Новая газетехь» болх беш йолу журналист евзаш яра Оьрсийчоьнан Iедалшна критика еш а, Нохчийчохь лаьттачу хьолах а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Терк тIехула 330 миллион соьмах керла тIай тиллина Нохчийчохь

Ищерскера Соьлж-ГIала боьдучу некъа тIехь Терк тIехула тиллина керла тIай схаьдиллина Нохчийчохь оршотан дийнахь. Цу хьокъехь леррина церемони хилла, республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дакъа а лоцуш. И хаам бинчу "Регнум" агенталло яздарехь, хьалха хилла тIай кхераме дара тIехула дIасалела, тIемаш боьлхуш дохийна хиллачул тIаьхьа юхатодина хиларна. Керла тIай тиллар бахьана долуш Невран а, Теркайистан а, Соьж-ГIалан а кIошташкарчу ярташкара Соьлж-ГIала боьду некъ бацлур бу 180 километр гергга. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан С-400 метта Туркойчоьне шайн Patriot эцийта лууш ю Iамерка

Iамеркан Пачхьалкхан департамент тешо гIерташ ю Цхьанатоьхначу Штатийн НАТО-н бертахо йолу Туркойчоь ракеташна дуьхьал йолу шайн Patriot системаш эцар гIоле хиларх, Оьрсийчоьнера С-400 оьцучул а. Цунах лаьцна Британерчу Фарнборохь дIайоьдучу авиасалонехь хаам бина Iамеркан Пачхьалкхан секретаран политикан хаттаршкахула гIоьнчан декхарш кхочуш деш йолчу Кейдану Тинас. Туркойчоь шозза шен тидам тIебахийтина Patriot системана цу кепара ракетийн комплексаш къасточу юкъанна. Амма эххаре а 2017-чу шарахь туркоша сацам бира Оьрсийчоьнан С-400 эца.

Radiomarsho.com 

Титиев дIахецар доьху Миятович Дуньяс

Европан Кхеташонан адамийн бакъонашкахула йолчу комиссин куьйгалхочо Миятович Дуньяс кхайкхам бина Оьрсийчоьнан инарлан прокуроре Чайка Юрийга, "Мемориалан" Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб дIахеца аьлла. Кхушара Дечкен-баттахь лаьцна волу бакъонашларъярхо бехке веш ву наркотикаш лелорна. Шен кехатехь Миятовича доьху прокуроре Титиевн бакъонаш ларъяйта оьшург дерриг а даре, шена юкъахь иза сихонца дIахецар а долуш. Цо дагадоуьйту Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас а, Оьрсийчоьнаан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Осмаев Адама дуьйцу Донбассерчу нохчех

Нохчий тIемало, Дудаев ЖовхIаран цIарах йолчу батальонан командир – Осмаев Адам. ХIусамнана а, юьйш шозза шена тIелатар динчул тIаьхьа, наггахь бен ца вуьйлу иза нахана юккъе, ца ло цо интервью а. БархI бутт баьллачул тIаьхьа, Адам реза хилийра "Донбасс.Реалии" олучу Маршо Радион проектна интервью яла.

Radiomarsho.com 

Трампа ХIелсинкехь дийцинчунна реза бац Iамеркан политикаш

Iамеркан политикаш цецбевлла Трамп Доналда Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа вистхуьлуш гIортор ца ярна оьрсий Цхьаьнатоьхначу Штатийн харжамашна юкъагIиртина аьлла Iамеркан талламан урхалло динчу жамIашна. Трампа элира, Путина "хаддош а, тIедожжош а иза бакъ ца до" аьлла. "Iамеркан аз" портало хаам барца, ХIелсинкехь Путинца цхьаьна хиллачу зорбанан конференцехь Iамеркан лидеро элира, лерринчу прокуроро Мюллер Роберта дIахьош болу таллам шайн махкана ирча бохам хилла дIахIоьттина аьлла. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *