Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Январь
2018

Новости за 19.01.2018

Radiomarsho.com 

ПIаьнказан бахархоша кхи схьадоьхур дац Чатаевн дакъа

Тбилисехь спецоперацехь вийначу нохчийн тIемалочун Чатаев Ахьмадан чалх лаьтте кховдо хIинца а дIакхачоза ю ПIаьнказа. Меттигерчу бахархоша шаьш кхи дехарш дийр дац аьлла, цуьнан дакъа схьадоьхуш, нагахь схьалахь, дино ма хьоьхху, дIавуллур ву шаьш аьлла, яздо IPN агенталло. Бахархошна хеттачунна тIехь ву ПIаьнказара къанойн кхеташонан хьалханча а "ТIаьххьарлера хиламаш Чатаевн цIарца боьзна бара. Къанойн хьалханча со хиларе терра, ца воллу со байинчинй чалхаш схьаеха. Доккха вуон деана тхуна тIе. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кремл реза яц Донбассех тIеэцначу низамна

Кхерамзаллан Кхеташонан декъашхошца Оьрсийчоьнан президенто цхьанакхетар дIадаьхьна Украинерчу хьолах дуьйцуш. Кремлан сайт тIехь яздарца, Донбассан реинтеграцех Лакхарчу Радас тIеэцна низам бIостанехьа дерза там бу Украинан чуьра ситуаци ерзорехь тIейогIучу ханна. Минскан бертан дийцарийн а, "нормандин форматан" а альтернатива яц аьлла хета Кремлна. Оьрсийчоь агрессор-пачхьалкх а лоруш, юкъадаьккхинчу  Донбассан реинтеграцех низамна Москох реза яц аьлла, дIахаийтинера хьалхо президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Каримовс жоп делла Собчакна

Бакъонашларъярхо Титиев Аюб маьршаваккхар тIедожош, Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидато, журналисто Собчак Ксенияс Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане яздинчу кехатна жоп делла мехкан урхалхочун пресс-секретара Каримов Iалвис. "Нохчийчоь тахана" агенталло бина и хааам. "Компетенте органаш ю "Мемориалан" куьйгалхочун Титиев Аюбан гIуллакх луьстуш, талламчийн процесса юкъа ца гIерта мехкан куьйгалхо", -  аьлла пресс-секретара. Харжамийн шен кампанина тIе терго озорхьама дина Собчака и дIахьедар... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

МухIажирша зуламаш алсам дар бакъ ца до немцойн полицино

МухIажирша меттигерчу бахархошачул а  алсам зуламаш до бохург бакъ ца дина немцойн полицино.  ТIебаьхкинчу наха де зуламаш таллархьама  Германерчу Брауншвайг гIалахь лерина  кхоьллинчу полисхойн зондер-тобан куьйгалхочо Кюх Улфас дийцарехь, хаамийн гIирсашкахь даржош долу криминалечу мухIажарийн сурт харц ду. Шайн тобанан зеделлачух лаьцна дийца Вене веанчу полисхойн хьаькамо элира, Германе тIаьххьарчу шина-кхаа шарахь миллион сов мухIажир кхачаро цу махкахь деш долчу зуламийн терахь башха хийцина дац,  иза цхьаьнаэшарехь дисна аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийн мухIажирийн "баба" кхелхина

Австрехь уггаре а евзачарех мухIажаршна гIодархо, адамийн бакъонаш ларъярхо Бок Уте кхелхина оршотан Iуьйранна. Ша кхоьллинчу а, куьйгалла дечу а "Ute Bock Haus“  цIе йолчу кхерчахь ша ехаш хилла йолу Бок мухIажарийн карахь дIаяьлла аьлла, хаам бина Маршо Радион хьостано. 75 шо долу Бок Уте берийн кхетош-кхиорхо санна болх бина яра. Ша пенсе яханчул тIаьхьа шен доллу дахар а мухIажаршна Iуналла дарна леринера цо. Эзарнаш нохчий а чекхбевллера цо куьйгалла дечу мухIажарш чохь Iачу кхерчехула. Австрерчу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" офисах хьовсуш бу полисхой

Наркотикаш лелийна аьлла, бехке а вина, лаьцна латточу Титиев Аюбан гIуллакхан хьокъехь пIераскан Iуьйранна Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" офисах хьовса полисхой баьхкина хилла, яздо "Новая газетано". Москохарчу "Мемориалан" куьйгалхо Орлов Олег регионехь ву, кхуза схьаван тIекхочучохь а ву аьлча а, тергал а ца деш, шайн талламаш болийна ницкъахоша иза схьакхачале. Де хьалха "Мемориало" Соьлж-ГIалахь лаьцначу хIусаман долахо йолчу а баьхкинера полисхой. Кху беттан 16-чохь а, 18-чохь а шозза хеттарш дина цара зудчуьнга... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Волгоградехь герзаш диттина нохчочунна а, азербайджанхошна а, оьрсина а

"Перехват" аьлла операци кхайкхийна Волгоградехь. ТаьIначу басара 75 регионан "Инфинити" а, 163 регионера "Лада-Приора" а лоьху Росгвардино а, полисхоша а, хаамбо "Комсомолан бакъдерг - Волгоград" газетано. Яхначу суьйранна 7 сахьт долучу хенахь веа стагах лаьтта компанин (ши ваша азербайджанхо, Нохчийчуьра цхьаъ, оьрси) садоIуш хилла меттигерчу кафе чохь. Уьш цу чуьра ара ма бевлли царна тIелатар дина. Кафена 30 метар юьстах сецначу Iаьржачу Джип чуьра герзашца масех стаг охьавоьсина хилла. Кафечуьра арабевллачарна тIе герзаш а диттина... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Навальный тешна ву Титиевна наркотикаш тесна хиларх

"Навальный Live" шен YouTube-каналехь хIора кIиранах арайолучу программехь Нохчийчохь бакъонашларъярхошна Iедал тIаьхьадаьлла леларх вистхилла политик, оппозиционер Навальный Алексей. "Къилбаседа Кавказера кху кIиранах дукхха а хаамаш хилла, и хаамаш там боцуш а бу", - аьлла цо. Уггар хьалха "Мемориалан" куьйгалхо Титиев хьахош, политика аьлла "наркотикаш цунна кхийсина хиларх цхьаннан а шеконаш яц", аьлла. Иштта Навальныйс тергоне эцна "Мемориалан" ГIалгIайчуьра офиц ягор а. Цо бахарехь, "меттигерчу полицин гIоьнца" дина зулам ду и. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шеца доьшучу кIантах леттарг кхеле хIоттор ву Нохчийчохь

Нохчийчоьнан прокуроран Абдул-Кадыров Шарпуддин дехарца Грозненск кIоштан прокуратурано талламаш дIабаьхьна корта лазийна дарбан хIусаме кхачийначу кхиазхочун хьокъехь. Илиновскерчу школехь физкултуран урокехь шеца доьшуш волчу кIантаца леттачохь и дешархо лазийна хилар билгалдаьлла талламхошна. Оцу заманчохь хьехархо дIасаваьлла хилла. Цул совнах, школано конфликтан ситуаци ерзорехь цхьа а некъаш ца лелийна. Школан директорна а, кхечу бехкечарна а дисциплина лардина цахиларна жоьпалла тIедожийна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан юкъаралхоша а доьху Титиев дIахецар

Нохчийчохь вевзачу нохчийн юкъаралхочо Успанов Юнис Фейсбукерчу шен пена тIехь кхайкхам бина "Мемориалан" Соьлж-гIаларчу декъан куьйгалхо Титиев Аюб маьршаваккхар доьхуш. Успановс ша ца теша боху бакъонашларъярхо Титиев наркотикашца бала болуш стаг ву аьллачух. "Цуьнах ян чIагIо ю сан. Иза адамийн бакъонашларъяйтарна гIаролехь лаьтташ хилар ду цунна дуьхьалдаьккхинарг",- боху юкъаралхочо. ХIораммо а Титиевна тIехIуттуш, шена хетарг, майрра дIакхайкхо деза боху Успановс. "Титиев Аюбана тIехIоьттинарг муьлххачу а стагна дуьхьалдаккха йиш ю. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Собчак Ксения: Бита бакъонашларъярхой, мацца эшна а, церан гIо оьшур ду хьуна а

Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидата, журналисто Собчак Ксенияс диллина кехат дитина Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарах. Цо яздо: "Рамзан Ахматович! КIира хан ю бехк боцуш Титиев Аюб набахтехь латтон. Цуьнан лацарх дуьйцуш, ахь элира бакъонашларъярхой "къам а, тайпа а" доцуш нах бу аьлла. Хьо хIунда ца кхета, адамийн бакъонаш ларъеш хилла, йийна Эстемирова Наталья а, Алексеева Людмила а, Светова Зоя а, Титиев Аюб а, - уггар а лоручу, доккхачу тайпан нах буйла. Со тешна ю, мацца эшна а, церан гIо хьуна а оьшур хиларх. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Яйна лору зуда шен цIахь ю аьлла тIечIагIдина Нухажиевс

НуьцIкъала лаьцна латтош я низам дохош цхьана а кепара Теркйистерчу яхархочунна Автурханова Аминатна дуьхьал лелийна харцонаш яц аьлла, дIакхайкхийна Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиев Нурдис. "Автурханова Аминат къайлаяьккхина бохуш, цхьадолчу зорбанаша а, бакъонашларъярхоша а дийцахь а, и жима зуда шен цIахь ю, могуш а, маьрша а", - аьлла, хаамбина мехкан куьйгалхочун цIарах бакъонаш ларъян векал винчу Нухажиевс. Автурханова яйна аьлла, информаци шега ма кхаьчча, шен векал вахийтира ша боху бакъонашларъярхочо и гIуллакх талла. Читать дальше...


Полиция накрыла казино для пенсионеров в Москве, которое было оборудовано в обычной квартире

В Госдуме разрабатывают законопроект о правилах размещения муралов

Суд рассмотрит апелляцию на приговор Игорю Гиркину

В Ступине приступили к благоустройству сквера в рамках Народной программы «Единой России»



Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

В Ступине приступили к благоустройству сквера в рамках Народной программы «Единой России»

Суд рассмотрит апелляцию на приговор Игорю Гиркину

Депутат Цивилев ответил на вопрос о штрафах для курьеров-нарушителей ПДД

Оздоровительные лагеря готовятся встретить мытищинских школьников

Музыкальные новости

Путин: РФ и КНР наладят более тесное взаимодействие в инновационных отраслях

На заводах АО "Желдорреммаш" внедряется автоматизированная система по рекламационно-претензионной работе “Астрея”

Более 500 учащихся посетили Оренбургский ЛРЗ в рамках акции «Неделя без турникетов»

В "Рексофт" рассказали, как развивается рынок ИИ-ассистентов в России

Новости России

Врач рассказала, почему пожилым опасно есть много фруктов

В Госдуме разрабатывают законопроект о правилах размещения муралов

Самодельное взрывное устройство обнаружено у входа на станцию метро в Стамбуле

Главврача подмосковной больницы задержали за взятку

Экология в России и мире

Дети из Узбекского землячества Бурятии увидели театр кукол «Ульгэр»: Россия и Культура

C 13 по 19 мая 2024 года проходит Неделя профилактики повышения артериального давления

Большинство российских туристов к 2030 году пересядут на этот вид транспорта

С чем носить джинсовое платье этой весной: примеры образов

Спорт в России и мире

Без защиты: как Медведев и Хачанов проиграли свои матчи в Риме

Виктория Азаренко пробилась в четвертьфинал турнира WTA в Риме

Кто транслирует бой Табило против Джоковича на турнире Rome Masters 1000?

Даниил Медведев одолел 121-ю ракетку мира Меджедовича и вышел в 1/8 финала Рима

Moscow.media

В День Пушкина театр кукол «Ульгэр» в райцентре Бурятии: Россия, Культура, Дети

Военные следственные органы Следственного комитета Российской Федерации отмечают 157-ю годовщину образования

Сервер российского вендора DатаРу прошел сертификацию и показал рекордную производительность при работе с SAP HANA

Патриотическую акцию «Синий платочек» провели в Нижнем Новгороде в день прибытия «Поезда Победы»







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *