Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Январь
2018

Новости за 21.01.2018

Radiomarsho.com 

Дуьне а, Нохчийчоь а - 7 де

ВИДЕОДАЙДЖЕСТ. КIиранан хиламашлахь. Оьрсийчоьнна тIе кхин а цхьа IиндагI дожийна Титиев Аюб лацаро. Литувас санкцешна юкъа вахийтина Кадыров Рамзан. Freedom House: Маршонан тIегIа лахлуш ю дуьненчохь. Венехь кхело гечдина харцхьа леллачу нохчийн мухIажирийн тобанна. Уьш а кхидолу а керланаш.

Radiomarsho.com 

Германин бундеслигина юккъе ваьлла нохчийн латархо

Немцойн тоьллачу желтойн-римхойн латархойх кхоьллинчу бундеслигин декъахшо ваьлла цу махкахь веха нохчийн кхиазхо Накаев Дени. Кху деношкахь тоьлларш билгалбохучу контролечу кхиазхойн турнирехь дакъадоцуш бара йоллучу Германера спортхой. 14 бундеслаьттара бIе герга латархой гулбеллера къовсаме. Накаев Денин ши тасадалар хилира турнирехь. И ший а цо толамца чекхдаьккхира. Накаев Дени масийтаза Германин чемпион ваьлла ву. 15 шо долу нохчийн кхиазхо Нойсс гIалахь вехаш ву шен доьзалца. Маршо Радиона информацица... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Германерчу нохчийн доьзалера бер дIадаьккхина Iедало

Немцойн Гоьттинген гIаларчу нохчийн доьзалера 7 бутт кхаьчна бер кхелхина кIира хьалха. Маршо Радион информацица, жимачу кIентан  валар цIеххьана  хилла. Цуьнан валаран хьелаш толлуш ду Iедал. Бер кхалхаран бахьанаш билгалдаьхна довллалц цу доьзалера 3 шо кхаьчна йоI берашна Iуналла даран хьукмато дIайигна, дех-ненах а къастийна. Интернетехула махкахошка орца дехаран кхайкхам  баржийначу дас-нанас яздо, шайн жима кIант лоьрийн гIалат бахьана долуш кхелхина хила мега, бохуш. Церан шеко ю, лоьраша... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Туркойн эскарша 153 тохар дина курдашна

Шеман Къилба агIорчу Афринан кIоштахь курдаша Iалашъечу 153 объекташна тIе туркойн эскарша тохарш дина. Истанбулерчу Рейтер агенталло бина и хаам, кIирандийнахь туркойн эскарша динчу дIахьедарх пайда а оьцуш. ТIеман буьйранчаша дийцарехь, лаьттарчу артиллерица дина тохарш. Хонкарарчу официалан хьосташа чIагIдо, курдойн гIаттамхоша ракеташ тоьхнера Туркойчоьнан территори тIе, аьлла. Туркойн дозанна уллерчу Килис гIалин губернаторо Текинарслан Мехмета 4 ракета кхоьсинера аьлла гIалина кIирандийнахь, цхьа стаг а лазош, ши цIа а, офис а йохош. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Новосибирскерчу кIоштан бахархой дуьхьал бу президентан харжамашка баха

Iедалан шайн проблемашца бала бац аьлла, Новосибирскан кIоштарчу Татарск гIалин бахархой дуьхьал бу Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалаца, Шен сайтехь оппозиционеро Навальный Алексейс бина и хаам. Iедало шайн халонаш тергалъеш ца хиларна, уггар Iедална лазаме хета шайн политикан билламаш хьалха  тоьтту бахархоша, харжамашка гIур дац аьлла динчу дIахьедарца. Татарскехь коммуналан катастрофа ю - газ а, ток а тIеюьгу некъаш тиллина толлушехь, тахана а газ я серло яц оцу меттигашкахь, дуьйцу Навальныйс. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь доккха сагIа даьккхина бизнесхочо

ГIалгIайчуьрчу анониман вахархочо махкарчу халабохкучу нахана 50 тонн кеп-кепара кхачан-сурсаташ дIасадекъа аьлла, тIедиллина. "ГIоьналлин фондийн чоьтехь хиллачу 600 баккхий доьзалшна дIасакхачор ду дама, шекар, дуга, кхийолу сурсаташ а. Меттигерчу шен цIе ца йовзийтинчу цхьана вахархочо даьккхина ду и сагIа", - аьлла "Къилбаседа Кавказера комсомолан бакъдерг" цIе йолчу газете ГIалгIайчоьнан Iедалерчу стага. Волонтераша гергарчу деношкахь дIасакхачор ду хIусамашка и сагIа. ГIо кхачочу тептарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалахь субботникаш кхайкхийна

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, Соьлж-ГIалин кIошташкахь субботникаш ду дIакхайкхийна. ГIалин урамашкахь цIано латто арабевлла шоьтадийнахь эзар гергга бахархой. Мэрин белхахой а, цуьнан куьйгакIеларчу хьукматашкахь болх беш берш а, меттигера бахархой а бара субботникехь дакъалоцуш. ГIалин коммуналан хьукматийн спецтехникаца лайш а, шаш дIа а бохуш, цIандина цара урамаш, некъаш, цIеношна хьалхара территореш а.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *