Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Март
2018

Новости за 05.03.2018

Radiomarsho.com 

5 эзар стаг дегI меттахдаккха араваьллера Соьлж-ГIалахь

Оьрсийчоьнан президентан харжамаш тIекхочуш хиларна леринчу, дуккха а адамаша дакъа а лоцуш, дегI меттахдаккхарехь дакъалецира Соьлж-ГIалахь 5 эзар стага. Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло.   И акци хилла Соьлж-ГIалан коьртачу майданехь. Цигахь дакъалоцуш бара Госдуман депутаташ а, бевзаш болу спортхой а, студенташ а, юкъаралан вовшахтохараллийн жигархой а. Цара йира 180 эзар 318 деган меженаш меттахъяхаран кеп. И терахьаш симбол яра президентан харжамаш хир болчу хенан "де - бутт - шо" форматехь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийн берех кино яккха кечам болийна Австрехь

Нохчийн мухIажарийн доьзалерчу берех лаьцна кино яккха кечамаш бу Венехь дIабоьлхуш. «Лиллий, Оскарий» цIе йолчу австрихойн берийн яздархочун Хелфер Моникин романан бух тIехь язъина ю филман сценарий. Кхиамечу меттигерчу телевизионан филмаш йохучу режиссеро Риахи Арашс цу романан сюжет дикка хийцина, керла коьрта турпалхой а кхуллуш. Нохчийн йиший, ваший ду филман ши турпалхо. И шиъ тIехь да воцуш кхиош хиллачу ненера Австрерчу берашна Iуналла даран хьукмато дIадоккху сценарийца. ТIаккха, вовшах къаста а дой... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийн мухIажир араваьккхина Германера

ТховкIело йоьхуш 5 шо даьккхинчул тIаьхьа нхчийн жима стаг араваьккхина Германера. Иза ву 29 шо долу Давлетукаев Хьамзат.  2012-гIа шо довш Нохчийчуьра ведда немцойн махка кхаьчна хилла иза. Немцойн Iедале шена кхерамазалла йоьхучу хенахь аьлла хилла цо, Нохчийчуьрчу Iедалша политикан бахьанашца хьийзош ву ша аьлла. Давлетукаевн политикан тховкIелонах долу дехар масех шарахь жоп доцуш дитинера меттигерчу мухIажирашкахула йолчу хьукмато. Даханчу шеран аьхка эххаре юхатуьйхира иза.  Цунна дуьхьал... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Межиев: СаIудахой а, гIажарой а юкъагIерта оьшуш дац Оьрсийчуьрчу бусалба юкъараллана

Нохчийчохь муфтий волу Межиев Салахь кIоршаме вист хилла СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан а, ГIажарийчоьнан а Iедалшка. Мисарарчу «Миср Iарабия» газетана интервью луш, цо кхайкхам бина цаьрга Оьрсийчуьрчу бусулба нахана Iаткъам бан гIертар дита аьлла. «Оха Нохчийчохь лору ерриг а пачхьалкхаш, ткъа мегар дац зе дан дуьненаюкъарчу юкъаметтигашна. Делахь а, СаIудийн Iаьрбийчоь а, ГIажарийчоь а шайн шиIатийн а, ваххабитийн а мазхабашца юкъагIерта оьшуш дац тхан Оьрсийчуьрчу бусалба юкъараллана», - аьлла Межиевс шен интервьюхь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийн мотт буьйцу зударий а, бераш а ду БагIдадерчу набахташкахь

Террор лелочу нахана гIо дар хьокъехь таллам дIахьош лаьцна латтош оьрсийн мотт буьйцу 22 зуда а, 49 бер а ду БагIдадехь аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан официалан векло Захарова Марияс, хаам бо ББС-но. Карарчу хенахь Оьрсийчоьнан консульствон белхахой бу царна тIекхача гIерташ. Захаровас бинчу хаамца, зударий а, бераш а Оьрсийчоьнан махкахой хила мегаш бу. Уьш карарчу хенахь талламана юкъаозийна бу. Царна дихкина ду зIе латтор, арахьарчу нахаца, шайна юкъахь кхечу пачхьалкхийн дипломаташ а болуш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра вахархо вийна Петарбухехь (видео)

Нохчийчуьра а, Дагестанера а, Петарбухера а бахархоша дакъа а лоцуш, дар-дацар хилла Петарбухехь. Цу девнехь вийна цхьа стаг, масийтта чевнаш йина ву, хаам бо Кавказ.Реалиино, "Фонтанка" хьастана тIе а тевжаш. Инцидент хилла Зазадоккху-беттан 2-чу дийнахь, машенаш дIахIитточу меттехь. Цигахь декхарца доьзна хаттар къасто вовшахкхетта хилла 6 стаг. Царна юкъахь хилла ши нохчо а Дагестанера вахархо а, ткъа иштта меттигера кхо вахархо а. Эххаре а Дагестанера Исмаилов Рамазан цIе йолчу стага тапча... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Лелхийтарш дарна кхерам хиларна школаш дIасахецна Ростох

Ростох школашкара берриг а дешархой дIахецна лелхийтарш дарна кхерам бу аьлла. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло. Меттигерчу Iедалан векалша дийцарехь, билггала бомбанаш муьлхачу школашка ехкина хууш дац. Цундела цара дешаран процесс юкъахъяьккхина ерриг а гIаларчу школашкахь. 161.ru сайто яздарехь, мила ву ца хуучу стага полице телефонехула хаам бина, Ростох кхаа школехь ехкина бомбанаш ю аьлла. Цо ахча дехна Iедалшка.  Стохка Гезгмашин-баттахь доладелира Оьрсийчохь цхьацца меттигашкахь минанаш ехкина бохуш харц хаамаш баржор. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Туркойчохь дIакъевлина Iамеркан Хонкарара векалалла

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Хонкарара векалалла дIакъевлина оршотан дийнахь, кхерамазалла бахьана долуш. Векалаллин белхахоша накъосталла дийр ду ца дича ца долуш гIуллакх нислахь. Цкъачунна хууш дац хIун кхерам болуш болх сацийна цу дипломатин хьукмато, хаам бо Reuters агенталло. Цул сов, Iамеркан векалаллан белхахоша кхайкхам бина Туркойчохь болчу шайн махкахошка, дуккха а адамаш гуллучу меттигашка ца доьлхуш совца аьлла. Хонкарара векаллалла юха болх бан маца йолалур ю хууш дац. Кхушеран... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Асад юхавала дагахь вац Малхбалерчу Гутехь

Шеман президенто Асад Башара дIахьедар дина, шен эскарша сацор яц Димашкана гергарчу Малхбалерчу Гутехь дIахьош йолу тIеман операци аьлла. Цуьнан ницкъаша дIахьош долу тIелатар уггаре къиза тIаьхьалонаш йолуш ду.  ГIаттамхоша дIахьедарш до, цу кепара цIий Iенош тIемаш Шемахь хIинццалц хилла бац бохуш. Асадан эскарш тIемаш беш ду Малхбалерчу Гутехь, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан  Кхерамазаллин Кхеташоно тIеэцначу резолюцино тIедожийна ма хиллара, герз деттар 30 денна сацаде бохуш Малхбузено кхайкхамаш беш боллушехь. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *