Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Март
2018

Новости за 08.03.2018

Radiomarsho.com 

Сан да, президент, кхелхина де

Президентан Масхадов Асланан дахарх, кхалхарх лаьцна жайна арахецна цуьнан воIа Масхадов Анзора. Амма дац иза норвегин маттахь бен. Маршо Радионо Ичкерин президентан кхалхарх йолчу къайленех лаьцна къамелдира Анзорца.

Radiomarsho.com 

Венерчу нохчийн довхаттарехь керла хIуманаш гучудевлла

Венехь еарин дийнахь кхин дIа а дов хаьттира пиццерия эккхийтарна бехкечу нохчашка. Шайн бехкана къера хиллачу шина нохчочо дийцира, шаьш, туркойн къомахчу кафен долахочуьнца барт а бина, и зулам муха кечдира. Царех цхьаммо, 43 шо долчу стага, элира ша цкъа хьалха реза вацара и талор дан. Амма шена туркочо 1500 евро лур ду аьлча, шен тIе хьаьрчинчу декхарх ойла а йина, тIетайра ша аьлла. Цо дийцарехь, и шиъ кафе чу ваьлча цу чохь, хетарехь, цхьаммо хьалххе бензин Iанийначух тера хилла. Ткъа шаьш а бензин доьттарна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIала зезагех юзу дуьненаюкъарчу зударийн дийнахь

Массо а меттигашкахь уьш духкуш лаьтта божарий а, зударий а. Нохчийн божаршна хIинца а эхь хета, зезагийн курс а эцна, гIалин юккъехула волавала. Цундела церан аьттонна Iедалша дохкар магадо зезагаш кху дийнахь некъан йистошкахь.

Radiomarsho.com 

Utair компанино харц до Соьлж-ГIалара гIаьттинчу шайн кеманца инцидент хилла бохург

"Соьлж-ГIала -Москох" кеман рейс кхочуш ечу Utair компанино бакъ ца бо кху беттан 6-чу дийнахь шайн кеманан герметизаци дIаяьллера аьлла баьржина хаам. Зазадоккху-беттан 7-чу дийнахь хиинера кхераме инцидент хилла хилар, Соьлж-ГIала а веана,Титиев Аюбан кхелан кхеташонехь дакъа а лаьцна, Москох дIавоьду Явлинский Григорий тIехь хиллачу кеманца. Москохна герга кхочуш герметизаци дIаяьлла хилла Явлинский Григорий тIехь волчу кеманан. Некъахойн дезна лерринчу хIаваъ лучу гIирсех пайда эца. Цхьаберш вочу хьолехь а хилла»... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Балкхарой махкахбаьхна де дагалоцуш митинг хилла Налчикехь

Депортацехь кхелхина махкахой дагалоцуш митинг хилла Налчикехь балкхарой цIерабахарна хьажийначу мемориалана уллехь. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфакс-Юг" агенталло. ГIебартойн-Балкхаройчоьнан куьйгалхочо Коков Юрийс дIахьедар дина, 1944 шарахь Зазадоккху-беттан 8-чохь хилла балкхарой махкахбахар «инзаре зулам дара, Iедалехь йолчу режимо дина» аьлла.

Radiomarsho.com 

Скрипальца цхьаьна дIовш даьлла полисхо вистхилла

Шпион хилла Скрипаль Сергей а, цуьнан йоI а санна дIовш даьллачул тIаьхьа Британерчу Солсбери гIаларчу клинике охьавиллина волу полисхо, кхетамчу а веана, къамел дан волавелла. Цунах лаьцна хаам бина Британин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Радд Амбера. Цо дийцарехь, уггаре хьалха дIовш тоьхначу метте кхаьчна волчу полицин эпсаран хьал хьалха санна вон ду. Амма иза толур ву аьлла сатуьйсийла ю, боху лоьраша. Оьрсийчоьнан тIеман министралла коьртачу штабан коьртачу талламан урхаллан эпсар хилла Скрипаль Сергей а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Тест: Зезагаш дезарх ца тоьа, уьш довза а оьшу.

Зезагаш ца дезаш цхьа а хир вац. Къаьсттина церан хазалла гучуйолу бIаьстенца. Цхьболчарна ПетIамат цIе йолу ирсе зезаг хазахета, вукхарна туьйранашкахь дийцина лайн зезагаш. Делахь а, массарна а хууш хир дац, муха ю нохчийн маттахь зезагийн цIераш а, уьш дуьххьара стенгахь гучудевлла а, муха даьржина а. Кхойкху шу экскурси!

Radiomarsho.com 

3000 % алсамдаьлла Японехь ВАЗ машенаш эцар

Волжскийн машенашъяран заводо хаам бина "Лада" машенаш Японехь йохкар алсамдаьлла хиларх лаьцна. 2017-чу шарахь хиллачу хьолаца дуьстича, шо долалуш, уьш йохкар алсамдаьлла 3000 процентана, хаам бо "Панорама" агенталло. ВАЗ компанино дийцарехь, стохка Японерчу машенийн кхерамазалла толлучу компанино, краш-тест олу, йоха а йина, машен чIогIа хилар талла эцна хилла цхьа машен "Лада". Ткъа кхушара Японера Осака-гIаларчу орцанан сервисо лаам гайтина 30 ВАЗ машен эца. "Уьш гIиртира шаьш дина дехар юхадаккха... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Венехь тIелатар дина нохчийн мухIажирашна

Венехь мила ву хууш доцу стаг, урс а карахь, тIелатта кхаа адаманна. Меттигерчу Oe24 газето яздарехь, уьш нохчийн мухIажираш бу, шайна юкъахь ши бер а долуш, хаам бо Кавказ.Реалиино. ТIелатар динарг ведда кIелхьарваьлла. Цо урс диттина чIогIа корта лазийна 13 шо долчу кIентан. Полицино лоьхуш ву зуламхо.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *