Анаболикаш лохуш рейдаш йина Соьлж-ГIалахь
Наркотикашна тIехь Iуналла дечу урхаллан белхахоша 14 эзар анаболикаш олучу молханийн ботт яьккхина Соьлж-ГIаларчу аптекашкахь а, спортан кхача бухкучу туьканашкахь а, тренажеран чоьнашкахь а. Цунах лаьцна хаам бо "Кавказский узело", чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан меттигерчу урхаллан белхахошна тIе а тевжаш. Дуьйцурш ду сихха дегIан оьзгарш тIекхоьтуьйту молханаш. "Кавказский узело" дийцарехь, кху беттан 16-чу дийнахь ницкъаллан структурийн куьйгалхоша молханаш духкуш бизнес лело нах гулбина хилла экономикан а... Читать дальше...