Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июнь
2020

Новости за 03.06.2020

Radiomarsho.com 

Сапераша латта цIандо, хIирашна - Шойгу веза

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса велла 31 уьнхо, цомгуш хилла – 530; Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а 70 оккху коьчал карийна саперашна; лийча ваха мегар дац Таркхойн хIорда тIе; Шойгух шайн мехкан лараме вахархо вина хIираша.

Radiomarsho.com 

Шен майрачун тIехьийзачу зудчух цIейиллинарг лаьцна Дагестанехь

Дагестанерчу Левашин кIоштахь адам сов къизачу кепехь ден гIортарна лаьцна меттигера яхархо. Талламан комитетан Дагестанерчу урхалло бечу хаамца, зудчун дов иккхина шен майрачуьнца а, цуьнан езарца а Леваши юьртайистехь байначу беттан 26-чу дийнахь. 42 шо долу иза летта цIийндеца машена чохь яйначу зудчух. "Лаьцначо дов даьккхина шен майрачуьнца, ткъа цуьнца хилларг ягон гIоьртина, тIе бензин а тоьхна, сирник а тесна", - боху талламчаша. ЖамI – алссам дегI даьгна "езаран", иза халачу хьолехь ю. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Берийн ахчанна кехаташ дIаоьцуш хир ду Нохчийчохь ГIадужу-беттан 1-ра де тIекхаччалц

Оьрсийчоьнан Пенсин фондан Нохчийчуьрчу урхаллин куьйгалхочун когаметта йолчу Тарамова Хадижата бахарехь, махкахь берийн ахчан кехаташ чудала йиш хир ю нехан ГIадужу-беттан 1-чу дийне кхаччалц. Цо дийцарехь, и болх берзош бу, бохуш, интернетехула хьехадо Мангал-беттан 5-гIа де – иза харц информаци ю. Тарамовас дийцарехь, президентан Путин Владимиран омрано юьйцучу хенара бераш долчу массо а доьзалшна луш ду ахча. "Пенсин фондан белхахой, ярташка а лелаш, гIодеш бу оьшу кехаташ цхьацца бахьаница нийса кечдан хууш боцчу бахархошна"... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дешдакъа цхьаннал сов хилча…

Нохчийн маттахь цIердешан орамний, чаккхенний юкъа «А» элп дуьллу цхьаволучо – амма иза гIалат хуьлу дукха хьолехь. «А» элп яздар а, цаяздар а муьлхачу грамматикан бакъонца ду? Цунна жоп ло кху дарсо.

Radiomarsho.com 

Ясмина – Шемара майра журналист

ТIамца къийсаяла ша зуда ю, шен карахь дац иза эшор, аьлла ца Iаш, кара видеокамера а эцна, пхи шо хьалха Шемара, шен даймахкара, ирча хьал дуьненна гайта йолаелира 28 шо долу Бидо Якин. Иза божарийн болх бу, цуьнца зуда ларайойла дац, олура цуьнга юьхьанца коллегаша-божарша. Амма яьржаш яра Якинин видеорепортажаш, бIаьрг бузура цара махкахойн а, генарчу хьовсархойн а. Доьналла гойтучу журналисташна луш йолу дуьненаюкъара преми елла цунна дукха хан йоццуш.

Radiomarsho.com 

70 оьккху коьчал карийна сапёрашна байначу баттахь Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а

Нохчийн а, гIалгIайн а мехкашкахь 400 гектар юьртабахамийн латта оьккхучу герзах мукъадаьккхина тIеман сапёраша, элира "Кавказ.Реалиига" Къилбаседа Кавказерчу тIеман гонан пресс-векалтехь. Оьккху герз дIалахьочу тобано леррина Iамийначу жIаьлийн гIоьнца кара а йина, хIаллакйина 70 коьчал: минаш, хIоьънаш, гранаташ. Массех шо ду Кавказера тIеман го бIаьсте яьлча гурралц латта герзах цIандеш схьабогIу. ТIеман гонан векалша дийцарехь, сапёраша теллина аренаш а, хьаннаш а ю 20 эзар гектар. Амма... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

31 стаг велла, 530-нна ун кхетта дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах тIаьххьарчу дийнахь-буса велла 31 вахархо. Цомгуш хилла кхин а 530 стаг. Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, 16 стаг кхелхина Дагестанехь, ялх – ГIалгIайчохь, кхоъ – Ставропол-махкахь, шишша – ГIебарта-Балкхаройчохь а, Краснодар-махкахь а, цхьаъ – Нохчийчохь. COVID-19 ун даьржичхьана схьа велла регионехь 536 стаг. Хьалха а санна, уггаре дукха бу дийнахь-буса ун гучудаьлларш Дагестанехь – 113 стаг. Сурт иштта ду: Дагестан +113 (5 341 юьхьанца... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Лийча дихкина ХIинжа-ГIаларчу хIордайистошца

Халкъан хьашташна тIехьожучу урхаллин (Роспотребнадзоран) Дагестанерчу декъо дихкина ХIинжа-ГIаларчу хIордайистошца лийча: доьазза совъевлла хи чохь чуьрийн лазар даржош йолу бактереш. Бехкам юкъаболу ГIуран-беттан 10-чу дийнахь дуьйна. ХIордайистонца оцу хьокъехь баннерш хIиттор а, садоIучу нахе мегафонашкахула хаамаш бар а тIедожийна луьйчийлийн дайшна, боху Роспотребнадзоран пресс-векалто. Зуламе бактереш яржар дузу хьукмато Таркхойн хIорда чу IаьIна нехаш, боьхаллаш кхуьйсуш хиларца. ... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ТIеман министр Шойгу – "Къилбаседа ХIирийчоьнан лараме вахархо"  

Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочо Битаров Вячеслава Оьрсийчоьнан тIеман министрах Шойгу Сергейх шайн мехкан "лараме вахархо" веш омра арахецна. "Къилбаседа ХIирийчоьно бина ца Iаш, ерриг а Оьрсийчоьно ларам бо Сергей Кужегетовичан, тIеман а, пачхьалкхан а куьйгалхошлахь лаккхара сий долучех ву иза", - билгалдаьккхина Битаровс шен инстаграм-агIонехь Мангал-беттан 3-чу дийнахь. Цо бахарехь, Шойгу коьртехь а волуш, Оьрсийчоьнан Орцан урхаллин (МЧС) ницкъаша кхерамзалла, къаьмнийн барт латторехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Iамеркан гIаланашкахь полисхой протестхойх дIакхетта. Суьрташ

Iамеркан Цхьаьанатоьхначу Штаташкарчу гIаланашкахь протестхошца цхьаьна акци буьйлу полисхой. Шаьш цаьрца дуйла хоуьйтуш, гоьлаш тIе а хIуьттуш, полисхоша вийначу афроIамеркахочун Флойд Джорджан иэс дагалоьцу цара.

Radiomarsho.com 

"Цхьа а логика яц оцу репрессин барамашца"

Коронавирусан эпидеми бахьана долуш тоьхна карантинан дозанаш лагIдеш, шолгIачу муьре доьрзуш хиларх дIакхайкхийна Нохчийчохь. Маьждигашкахь пIераскан деношкахь Рузба дан а магийна. Схьайоьллуш ю хазаллин хIусамаш а, месаш тоен салонаш а, бохуш яздо "Кавказ.Реалии" портало. Нагахь санна, социалан дистанци ларйийр елахь, бахархошна маго дагахь бу Iедалхой дийнахь гIаш дIасалела а. Шина сахьтехь арахула лела бакъо хир ю церан. Веа стагал а сов хила йиш яц тобанехь садаIа арабевлларш. Шаьш дехачу... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *