Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июнь
2020

Новости за 08.06.2020

Radiomarsho.com 

Кавказера COVID-19, Рузба магор Нохчийчохь, Зуда яло аьтто бар

Къилбаседа Кавказехь 12 велла, ун даьлла ву -567; ТIедогIучу пIераскан дийнахь Рузба маьждигашкахь дийр ду Нохчийчохь; Зуда яло таро йоцучарна ахчанаш декъна Кадыровн фондо; ГIалгIайчуьрчу жигархойх экстремисташ бина

Radiomarsho.com 

ДаIишан могIарш дуза гIортарна кхел йина нохчочунна

Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу тIеман кхело набахтехь даккха 6 шо хан кхайкхийна Нохчийчуьрчу вахархочунна Таймусханов Султанна, терроризмана бехке а вина. "Кавказ.Реалии" портало бина цунах лаьцна хаам. Ноьвран кIоштарчу Калиновскера вахархо 2015-чу шеран Марсхьокху-баттера схьа 2016-чу шеран ГIадужу-батте кхаччалц шена вевза жима стаг даIишхойх дIатоха Iалашонца бертавало гIиртина, видеороликаш а гойтуш, хаам бо кхелан пресс-гIуллаккхоша. Таймасхановс къаро ца йина шена дохкучу бехкашна.

Radiomarsho.com 

Кадыровн фондо нускалш даладайта 10 миллион декъна

Зуда ялон таро йоцучу Нохчийчуьрчу  207 вахархочунна томах дала 50 эзар соьмаш декъна Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо Нохчийчохь. Коронавирусан эпидемина тIехула диттина дозанаш бахьана долуш ахча вовшахтоха ницкъ ца кхаьчначу нахана дIакхачийна ахчанан гIо. "Грозный" телеканалан сюжетехь бина цунах лаьцна хаам, яздо "Кавказ.Реалиис". Республикан хIора кIоштахь вовшахтоьхна гIо оьшучу доьзалийн  тептарш, билгалдоккху телехьожийлехь. Яьржина коронавирусан инфекци бахьана долуш Нохчийчохь шога... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Эстремистийн тептаре баьхна гIалгIайн жигархой

Оршотан дийнахь экстремистийн тептаре баьхна ГIалгIайчохь лаьттинчу протестийн лидерш, яздо "Кавказский узел" агенталло. Жигархой Барахоев Ахьмад а, Ужахов Малсаг а бехкево экстремистийн юкъаррала вовшахтохарна, ткъа Чемурзиев Барахна а, Нальгиев Исмаилна а, Саутиева Зарифина а, Хаутиев Багаудина а, Погоров Ахьмадна а бехкаш дехкина, оцу юкъараллехь дакъа лацарна. ГIалгIайн жигархоша экстремистийн юкъаралла кхоьллина хилла боху, талламчийн верси абсурде ю аьлла адвокато Мальсаговс. Дагадоуьйту... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIирмера маьждигаш: Орта-Джами ‒ ГIирмерчу ханан заманара схьа дуьйна кху деношка кхаччалц (фотогалерей)

Бахчисарай гIалин историн декъан юккъехь лаьтташ ду Орта-Джами цIе йолу маьждиг. ГIирман-гIезалойн маттера гочдича иза ду "юккъера маьждиг" бохург. Орта-Джами ду гIалан визитан картанех цхьаъ. Динан гIишло ю Ханан гIала-цIенна маситта бIе метр гергахь. Цхьана хенахь цу чохь ламазаш дина ГIирман ханаш. ГIирма.Реалиин корреспондент хилира Орта-Джами маьждигехь, хIара суьрташ а дохуш.

Radiomarsho.com 

Маьждигаш схьадаьстина Урдунехь

Коронавирусан ун даржар бахьана долуш дIакъевлина долу маьждигаш схьадаьстина Урдунехь. БIе шо сов хьалха Нохчийчуьра дIабахначу мухIажираша динчу Заркъерачу маьждигехь гулбелира дуккха а меттигера нохчий. Дуьненахь массанхьа а санна, юккъехь меттиг а юьтуш, нисбо могIарш ламазе хIуьттучара. Заркъехь вехачу Iумарбека шен видео сюжетехь гойту нах ламазе бахкар а, оцу гIалахь вехачу Зия Iабдурахьмана ун даржар бахьана долуш, нах алсам иймане бирзина аьлла хета шена, бохуш дийцар а.

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь коронавирусан уьнах велла 6 эзар гергга стаг

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Оьрсийчохь COVID-19 ун къаьстина 8 985 вахархочуьнца. Цхьа стаг сов ву де хьалха хиллачу статистикел а. Цхьана дийнахь кхелхина 112 стаг, терахь лахара ду кхул а хьалха гайтинчул а. Виъ эзар пациентана дарба хилла. Оьрсийчохь коронавирусан инфекцех беллачийн официалан терахь 6 эзаре гIоьртина. Оьрсийчохь лелачу методикаца, коронавирусах белла массо а пациенташ бац COVID-19 вирусах кхелхинчийн тептарехь. Пачхьалкхехь эпидеми яьржичхьана 476 эзар стагана ун даьллера. Дарба деш ду 240 эзарна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказ: коронавирусах 12 стаг кхелхина, ун кхетта - 567

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а кхелхина коронавирусан уьнах 12 стаг. Вирус къаьстина кхин а 567 вахархочуьнца. Оперативан штабан хаамца, Дагестанехь кхелхина пхи дархо, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Ставрополан кIоштахь а шишша, Краснодаран махкахь а, Нохчийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а цхьацца велла. Эпидеми яьржичхьана Къилбаседа Кавказехь верриг а велларг ву 588 стаг. Къаьсттина ун даьлла нах дукха билгалбевлла Дагестанехь – 112: Дагестанехь +112 (5 970 ву эпидеми яьржичхьана)... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Британехь эзарнашкахь нах протесте бевллера расизмна а, полицин шогаллина а дуьхьал

ШолгIа де а ду Британин масех гIаланашкахь эзарнаш нах расизмна а, полицин шогаллина а дуьхьал демонстраци буьйлу, яздо казахийн Азаттык сервисо (Маршо Радио) . Black Lives Matter (Iаьржачийн дахар а ду маьIне) цIарца кIиранан дийнахь дIаяьхьна протесташ яра, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь афроIамеркахо полисхочун карах веллачул тIаьхьа протесте буьйлучу меттигерчу бахархошна тIехIотта Iалашонца кхайкхийна. Iамеркарчу Миннесотан штатерчу дарбан цIийнехь байначу беттан 25-чохь велира 46 шо долу афроIамеркахо... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ТIедогIучу пIераскан дийнахь схьадоьллуш ду Нохчийчуьра маьждигаш

ТIедогIучу пIераскан дийнахь махкарчу массо а маьждигехь Рузба дан мегар ду аьлла, дIакхайкхийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Коронавирусаца лаьтта хьал а оьзна, иштта республикан муфтийца Межиев Салахьца дага а ваьалла, тIеэцна бу ша, аьлла цо и сацам. Билгалдаьккхина, маьждигашкахь санитаран эпидемиологин низамаш Iалашдан дезаш хилар: социалан дистанци ларъяр а, масканаш лелор а. Карладоккху, Зазадоккху-баттахь дуьйна Нохчийчохь коронавирусан эпидеми яржарца дIакъевлина лаьттира массо а маьждиг.

Radiomarsho.com 

КарабогIучу баттахь 12 пачхьалкхе кеманан некъаш достур ду Оьрсийчоьно

Товбеца-беттан 15-чу дийнера схьа дуьйна 15 пачхьлкхашка кеманаш лелийта кечамаш беш ю Росавиаци, хаам бо РБК а, ТАСС а агенталлаша, цIарах ца йийцинчу авиакомпанерчу шайн хьосташна тIе а тевжина.ТАСС зорбан гIирсо дийцарехь, де хьалха тIеэцна бу цу кепара сацам. Роспотребнадзорца цхьаьна кечдийр долуш ду кеманаш лелар долчу пачхьалкхех тептар. РБК-но хаам барца, Росавиацино дозанаш дастар хьехна уггар а хьалха Европерчу пачхьалкхашца а, Туркойчоьнца а, Китайца а, Къилба Корейца а. Ткъа "Интерфакс" тешна ю... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь коронавирусах кхин а цхьаъ кхелхина

ТIаьххьарчу хаамашца, Нохчийчохь коронавирусан уьнах велла кхин а цхьа дархо. Махкарчу могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана дина иштта дIахьедар, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. Тахалерачу дийнахь лоьраша вирус толлуш ву 5953 вахархо. Ун къаьстина 1 345 стагах, дарба хилла 986 пациентана, COVID-19 вирусах цхьа стаг кхелхина, карарчу хенахь 15 вовшахкхетта уьш. Коронавирусах Iалашдалархьама масканаш лелор а, социалан дистанци а, гигиена а ларъяр хьехна министро бахархошна.


"Резкого изменения внешнего политического курса мы не увидим". Эксперты о судьбе Ирана после гибели Раиси

Рязанские пионеры приняли участие в торжественной линейке на Красной площади

Частично беспилотная «Ласточка» готова начать возить пассажиров на МЦК

Два автомобиля столкнулись на Кутузовском проспекте



Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Деменко заявил, что в Суперфинале Кубка России нет фаворита

Муфтий Москвы предупредил о последствиях запрета никаба в РФ

С. Цивилев планирует менять российский ТЭК со старой командой Минэнерго

Алдонин назвал игроков, которые стали открытием сезона в РПЛ

Музыкальные новости

Белоусов собирает новую команду в Минобороны: Ждать ли возвращения Суровикина?

Лидер движения и партии «Всеармянский фронт» Аршак Карапетян 20 мая 2024 года посетил посольство Исламской Республики Иран в Москве

Прощание «Спартака» с Джикией, «Зенит» в гонке за чемпионство. Итоги игрового дня РПЛ

«Просто не афиширую»: куда пропала Волочкова с театральной сцены

Новости России

Более 3 тыс рабочих офисных мест появится на западе Москвы по горпрограмме

Сибирская школа геонаук ИРНИТУ проводит геологический семинар

Более трех тысяч рабочих мест в офисах появится в Москве по городской программе

Блогер Эвенкийка представит Якутию на конкурсе красоты Mrs World Russia

Экология в России и мире

Светлые оттенки весенней моды: стильные идеи для женщин в возрасте

Выездной Фотограф для всех желающих, ну и конечно Артистов и Музыкантов.

Вкусно и безопасно: гастроэнтеролог Садыков назвал 5 продуктов, снижающих холестерин

Лукашенко лоббирует интересы Алиева по изоляции Армении

Спорт в России и мире

Шнайдер вышла в финал турнира WTA-125 в Париже, обыграв Грачёву

Даниил Медведев идет третьим в чемпионской гонке ATP, Андрей Рублев — пятый

Потапова проиграла на старте турнира WTA-500 в Страсбурге

Сумасшедший матч «Реала», Медведев опустился в рейтинге ATP. Главное к утру

Moscow.media

Подтверждена совместимость облачной платформы SpaceVM и операционной системы AlterOS

Сотрудник Дубненского отдела вневедомственной охраны Главного управления Росгвардии по Московской области встретился с учащимися МОУ СОШ №1

Сотрудник Дубненского отдела вневедомственной охраны Главного управления Росгвардии по Московской области встретился с учащимися МОУ СОШ №1

В РМАТ ПРОШЕЛ I БИЗНЕС-ФОРУМ ВЫПУСКНИКОВ РМАТ 1999-2023 ГОДА ВЫПУСКА, ПОСВЯЩЕННЫЙ 55-ЛЕТНЕМУ ЮБИЛЕЮ АКАДЕМИИ







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *