Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июнь
2020

Новости за 12.06.2020

Radiomarsho.com 

Тумсона тIелеттарг лаца кхайкхина, Терка чу дахана бераш лоьху

Кавказехь тIаьххьарчу буса 2 велла, кхин а 550 ву ун даьлла; Невран кIоштарчу Терк хи чохь ши бер лоьхуш ду; Блогерна Абдурахмановна тIелеттачех кхин а цхьаъ лаца кхайкхийна шведаша; Шема вахна аьлла, шеконаш кхоллаелла ГIалгIайчуьрчу вахархочух

Radiomarsho.com 

COVID-19 бахьана долуш ХьаьжцIа ца бита тарло кху шарахь

Товбеца-беттан тIаьххьарчу деношкахь дан дезаш долу Хьаж кху шарахь СаIуда Iаьрбийчоьнан Iедалхоша коронавирус бахьана долуш юкъахдаккха тарло. Шен ма хуьллу эпидемица ларон гIерта пачхьалкх, дуккха а паччахьан доьзалашкара нах цомгаш хилла, дарбан цIийнехь бу, яздо Financial Times газето. ТIаьххьара шайн сацам бовзуьйтур бу СаIуда Iаьрбийчоьно цхьана кIиранчохь. Нагахь санна, зияртхой чубитахь а, шайн махкарчу бахархошна некъаш делла тарло цара. Worldometer-ан статистикаца, карарчу беттан 12-чу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Европан кхело болх болийча, листа дезаш лаьтта массех "нохчийн дов"

14-ннан гIуллакх, ИсраиловгIар, Ванслова, Лапунов, кхиберш Оьрсийчоьнна дуьхьал Пандеми бахьанехь ханна сацийна шен болх Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Шайн хене хьоьжуш лаьтта "нохчийн девнаш" а. Царех лаьцна хеттарш дира оха бакъоларъечу юкъараллашкарчу юристашка. 14-ннан дов, "Мемориал"   Нохчийчуьрчу Куьрчалан кIоштарчу 14 вахархочо шайна тIехь гIелоярах, боцу бехк тIехьарчорах лаьцна арздина кхеле. Цара дийцина 2017-чу шарахь шаьш Кадыров Ахьмад-Хьажин полк олучу декъан гIишло чохь лецна кхабарх а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шемарчу даIишца ву аьлла, бехкевина ГIалгIайчуьра вахархо

ГIалгIайчуьрчу Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх долийна меттигерчу вахархочунна дуьхьал, Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанехь цо дакъалаьцна аьлла, шеконаш кхоллаелла. Полисхойн версица, 34 шо долу жимастаг 2015-чу шарахь дуьйна Шемахь ву, цигарчу даIишхойн тобанехь тIемаш беш. Иштта, теракташ ян Iамийна а ву иза. Талламчаша цкъачунна цIе йоккхуш яц шайн шеконашка воьжначун.

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказ: 4 велла, 550 стагана ун даьлла

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла виъ стаг, ун даьлла кхин а 550 вахархочунна. Эпидеми ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла шиъ, Ставрополан махкахь а, Нохчийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а цхьацца кхелхина. Верриг а Къилбаседа Кавказехь ун чудеачхьана велла COVID-19 вирусах 606 стаг. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь дукха бу ун даьлла нах Дагестанехь- 95: Дагестанехь + 95 (6 367 ву эпидеми яьржичхьана). ... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Битаровна эхь ца хета?" Уьнна дуьхьаллаьттачу медикашна догIу ахча ца луш меттигаш ю Къилбаседа ХIирийчохь

Лидовская Анастасия Къилбаседа ХIирийчуьра лоьраш реза бац шайна "цIечу зонехь" болх барна деллачу ахчанна. 200-300 эзар сом лур ду бехира царна мехкан куьйгалхочо, амма ца делла. Ткъа "президентан ахчанна" тIера ял дIаэцна I3% (Пачхьалкхан Думехь бохура иштаниг нислур дац). Дукхайолчу медицинан хьукматийн белхахоша аьрзнаш яздина прокуратуре. Кхетон хала, чолхе де коронавирус кхеттачу бахархошна дарба деш хьийзачу медикийн алапашна тIетуху ахча даларх долу низам. Оьрсийчоьнан министрийн кабинетан шина омрица луш ду иза. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Цхьана шерачохь кхоалгIа хийцалуш ву Магасан мэр

ГIалгIайчуьрчу Магасан мэро Арсамаков Руслана шен лаамехь дарж охьадуьллуш, кехат чуделла. ВорхI бутт хан яра иза куьйгалле веана. "Интерфакс" агенталло бина и хаам, шайн информацин хьостана тIетевжина. Стохка Гезгамашин-баттахь шен декхарш кхочушден хан герга кхаьчча, гIант мукъадаьккхинера Цечоев Беслана. Цуьнан метта дIахIоттийра Марзиев Мохьмад. Бутт баьлча шен лаамехь дIавелира иза а. Ткъа Арсамаков чIагIвира цу даржехь стохка Лахьан-беттиан 13-чохь. Зазадокху-баттахь цуьнан бехках некъан бохам хилира. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ХIун хиллера 25 шо хьалха Буденновскехь: дIалацаран хроника

1995-чу шарахь Мангал-беттан 14-хь милицин декъан белхалхойх таръелла 200 герга тIемалочух лаьтта тоба кхечира Буденновске. Масех сахьт далале эзар сов стаг закъалте а лаьцна, меттигерчу дарбан цIийнехь дIатарбелира уьш. ТIемалоша тIелатарш дира полисхойн дакъошна а, административан а, адамаш деха а гIишлошна, дIабигара урамашкара нах. ДIалаьцначу дарбан цIийнахь а волуш, тIеман командиро Басаев Шемила кхерам тосуш тӀедожийра Оьрсийчоьнан 1едалшна: федералан эскарш арадовла деза Нохчийчоьнан лаьттан тIера.

Radiomarsho.com 

Ялтин хьаькамах леттачу нохчашка "шайн цIа гIо" аьлла

ШарIан кхелехь дакъалаьцначу ГIирмерчу динан гонашкарчу хьастано "Подъем" гIирсе бинчу хаамца, ахгIайре тIехь гулбелла хиллера Краснодарера а, Ростов-ГIалара а, Москвара а Iеламнах. Яздо цунах лаьцна NEWSru.com агенталло. Меттигерчу хьаькамна тIелатар динчу Нохчийчуьрчу кегийрхошна кхел ян гулбеллера уьш. "Пхеа сахьтехь ларбира авторитете болчу нохчийн лидерша бехкенаш. Шина а агIоне ладоьгIча, цара ГIирман бахархой бакъ хилар тIечIагIдира", - дийцина оцу хьосто. Шайн махкахой бехкебинчу нохчийн лидерша... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Терк хи чу дахна ши бер лоьху Нохчийчуьрчу орцанхоша

Нохчийчохь Терк хи чу дахана ши бер лоьхуш бу орцанхой а, волонтераш а, яздо ТАСС агентталло. "Нохчийчуьрчу Невран кIоштахь орцан министраллан белхахоша лоьхуш ду 10 а, 11 а шераш долу ши бер. Хетарехь, Терк хи чу дахана и шиъ", - билгалдаьккхина министраллан пресс-гIуллакххоша. Яздарца, Калиновская олучу эвлан йистехь хилла бу сингаттам еарин делкъхенахь.

Radiomarsho.com 

Москвахь лаьцначу Кутаевна тIе ца вуьту адвокат

Де-буьйса даьлла Нохчийчуьра вахархо, 21 шо долу Кутаев Юсуп Москварчу полицин декъехь латтош волу, цунна тIебуьтуш бац адвокаташ а, яздо "Кавказский узел" агенталло. Дийцарехь, иза лацаран бахьана хоуьйтуш а дац, я хIоттийна протокол а дац. Кутаевна а, цуьнца цхьаьна юридикан орца дехначу Москварчу вахархочунна Войтович Святославна а адвокаташ герга ца буьту. "Селхана буса лаьцна ву Кутаев. Шен вешица цхьаьна хиллера иза петара чохь. ТIейоьхна полицин форма йоцчу наха, шайгара документаш а ца гойтуш, дIавигна Кутаев. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Абдурахмановна динчу тIелатарна тIехула кхин а цхьа стаг лаца кхайкхийна кхело

Нохчийн блогерна Абдурахманов Тумсона тIелатарца доьзначу гIуллакхца Швецерчу Евле гIалин кхело лаца кхайкхийна кхин а цхьа стаг. Еарин дийнахь кхелахоша сацам бовзийтина, шайн шеконаш йолу и стаг лаца, яздо "Кавказский узел" агенталло. Чиллан-беттан 26-чохь дина и зулам бахьана долуш, хIинцале а лаьцна ву ши стаг: тIелеттарг а, цунна гIо динарг а, яздина ду Швецин къоман кхерамзаллан урхаллан сайта тIехь. Цкъачунна хаамийн гIирсашкахь йоккхуш яц лаца кхайкхийначу кхоалгIачу стеган цIе. Чиллан-беттан... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *