Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июнь
2020

Новости за 30.06.2020

Radiomarsho.com 

Берлинехь Хангошвили верца доьзна лаьцна шолгIа стаг ФСБ-ра волчух тера ду

Берлинехь нохчо Хангошвили Зеламха верца доьзна дIахьочу талламехь вуьйцу Оьрсийчуьра шолгIа вахархо ФСБ-ца (Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисца) зIенехь хила тарло. Цо динчу дарешна тIе а тевжаш, талламчийн аьтто баьлла ФСБ-ца юкъарло долу кхин а массех стаг вовза. Царах лаххара а кхоъ ву дозанал арахьа нах байъарца доьзна шеконехь. Оцу хьокъехь ша бина таллам бовзийтина Британерчу Bellingcat тобано а, Германерчу Der Spiegel журнало а, Оьрсийчуьрчу The Insider портало а. Стохка, Марсхьокху-беттан 15-чу дийнахь вийра Хангошвили. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь карантин яхйийр яц, набахти токхуш волчу Гадаевн хьовзамаш

Нохчийчохь карантин чIагIйийр яц, боху Кадыровс; "Открытые медиа" портало декларацехь йоцу КадыровгIеран петар "Iораяьккхина"; Коми махкара Владимире а вигна, изоляторехь латтош ву нохчийн тутмакх

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах велла 7 стаг, цомгуш хилла 434

7 стаг коронавирусах велла, кхин а 434 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь. Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо Мангал-беттан 30-чу дийнахь бинчу хаамца, Ставропол-махкахь а, Адыгейхь а, Краснодар-махкахь а шишша стаг велла тIаьххьарчу дийнахь-буса, Дагестанехь – цхьаъ. Верриг а ун даьржичхьана схьа цунах Къилбаседа Кавказехь велла, официалан информацица, 774 вахархо. Дийнахь-буса а, юхьанца дуьйна а тIеккхина терахьаш:        Ставропол-мохк +78 (5141) Кхарачой-Чергазийчоь +... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра Мадина – доьзалехь ницкъбар лайнарг яц?

23 шо долу Умаева Мадина елира Гуьмсехь. Цуьнан нанас Довлетмирзаева Хутмата дIахьедира: йоI доьзалехь ницкъа лайна, хIаллакхилла аьлла. ЙоI яларна цо бехке вора шен нуц Хамидов Висхьаьж. Iедало тергоне ийцира и гIуллакх. ТIаьхьо еллачу йоIан нанас шена къинтIера ваьккхира Кадыров а, ткъа иштта ша бехке бийраш а.

Radiomarsho.com 

"Открытые медиа": Деклараце ца йоккхуш йитина петар ю Кадыровн доьзалан Москвахь

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен хьал гойтучу деклараце язйина йоцу петар ю цуьнан доьзалан Москвахь. Оцу хьокъехь Мангал-беттан 29-чу дийнахь хаам бина "Открытые медиа" портало, Оьрсийчуьра бахам тидаме оьцучу Росреестр хьукматерчу шен хьосташна тIе а тевжаш. Юьйцург ю Веерная, 2 цIа чуьра 153,6 квадрат-метр йолу №30 петар. Мах бу цуьнан 50 миллион гергга. 1997-чу шарахь "Президентан гIуллакхаш лелочу урхаллин" хIусамаш ечу хьукмато (Управление по эксплуатации жилого фонда "Управления делами президента") дина и цIа. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Ун бахьанехь юкъадаьхна дехкарш Нохчийчохь чIагIдийр ду бохург бакъ дац

Коронавирусца къовсам латтош юкъадаьхна дехкарш чIагIдийр дац. Иштта дIахьедар даржийна коронавирусна дуьхьалоечу мехкан оперативан штабан кхеташонехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана оршоьтан дийнахь. "Товбецан-беттан 5-чохь республикехь изоляци чIагIйийр ю бохург ас харцдо. Эладита ду иза. Эпидемин хьал дуьззина тергонехь ду. Дарбан хIусамаш шаьш даима бечу белхан хорша йоьрзуш ю", - аьлла Кадыровс шен инстаграм-каналехь тахана, Мангал-беттан 30-чохь Iуьйранна. Цо бахарехь, Нохчийчохь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Бахьана а ца довзуьйтуш, изоляторехь латтаво 21 шо хан тоьхна нохчо

Набахтехь 21 шо токхуш волу Нохчийчоьнан вахархо Гадаев Беслан Коми махкара Владимир гIала вигина йисина хан такха. Амма ца хаийтина, хIун бахьана ду цуьнан, хаам бина "Кавказ.Реалиига" тутмакхан адвоката Чванова Юлияс. Адвоката бахарехь, бахьана дацара Гадаев ша хан токхуш волчу набахтера дехьаваккха. "Яздина гойтуш документ а доцуш, деккъа схьааьлла тхоьга, цуьнан кхерамзалла лакхайоккхуш  дина иза, амма хIун кхерам бара Бесланна, кхеташ дац, иза цхьаьнцце вац девнехь хилла. Набахтийн федералан урхаллера официалехь жоп кхачаре хьоьжу тхо"... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *