World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Март
2018

Новости за 16.03.2018

Radiomarsho.com 

Харжамашка – пIелхьо воккхуче санна

Оьрсийчуьрчу президентан тIаьххьарчу харжамашкахь Путинехьа кхаьжнаш тесначу нехан уггаре йоккха процент яра Нохчийчохь. Цунна цигахь "140 процент кхаьжнаш кхаьчна" аьлла, бегаш а тIехь баржийра зорбано. Социалан машанашкахула дуккха а лела харжамийн хIусамашкахь йийлинчу хьарамлонех видео-тоьшаллаш. Дагалоцур вай хилларг-лелларг…

Radiomarsho.com 

Шемарчу Гутехь динчу кеман тохарша 30 стаг вийна, 100 гергга лазийна

ПIераскандийнахь Шеман Малхбалерчу Гутехь динчу кеман тохаршкахь велла 30 стаг, шайлахь 6 бер а долуш. БIе гергга маьрша вахархочунна кеп-кепара чевнаш йина. Шеман бакъонаш хьешарна тIехь мониторинг латточу центро бина и хаам. Асад Башаран эскаро, Оьрсийчоьно гIо а деш, авиа тохарш деш ду оппозицин дакъошна. Бакъонашларъярхойн хьесапашца, шо доладелчхьана цигахь эзар гергга маьрша вахархо вийна. ООН-ан барамашца, Малхбалерчу Гутехь 70 процентна йохийна гIишлош. Дукхаболу бахархой лаьтта бухарчу ларми чохь бехаш бу. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь берийн беш а, школа а схьайиллина нохчийн мухIажиршна

ПIераскандийнахь ши доьшийла схьайиллина ГIалгIайчохь. "Интерфакс-Юг" агенталле бина и хаам гIишлошъяран, архитектуран махкарчу министраллан пресс-секретара Барахоева Индирас. "Стохка Назранехь Нохчийчуьрчу мухIажиршна лерина схьайиллинчу "Юбилейный" микрорайонехь дешаран ши хьукмат схьайиллина: 704 берана деша таро луш школа а, 220 берана беш а", - аьлла пресс-секретара. 600 миллион сом дахна объекташ хьалаеш. Балхана а, дешарна а мел оьшу хьелаш кхоьллина оцу хьукматашкахь. Ишттта белхан меттигаш кхаьчна 200 къоначу говзанчашна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Со а вейша. Сан кIентий санна"

Ницкъаллийн структурийн белхахоша герз диттина, вен а вийна, цул тIаьхьа тIемалойн барзакъ а доьхна, гIаттамхой бара уьш аьлла, кхайкхийнера Дагестанерчу ГасангусейновгIеран вежарийн 19 шо долу Хьасанхьусейнний, 17 шо долу Наби а. Шина кIентан да Муртуз-Iела, и бохам хилчхьана дуьйна, бакъо лоьхуш ву. Тахана а ХIинж-гIала веанера иза, журналисташкий, бакъонийн жигархошка вистхила

Radiomarsho.com 

ЕГЭ экзамен юкъараяккхар хьоьху Думан депутато

Парламентан лахарчу палате ЕГЭ пачхьалкхан экзамен юкъара дIаяккхарх низаман проект кховдо сацам бина Пачхьалкхан Думан депутато Чернышов Бориса. RT агенталло бина и хаам. "Берашна а, дайшна- наношна а хьаьхна ЕГЭ юкъара а яьккхина, традиционан экзаменашка дерза дезара. Школашкахь дешаран процессан дикалла лакхаер ю тIаккха. ТIаьххьарчу шарахь ЕГЭ-на тIе а ца таьIаш, паргIат деша а доьшуш, лакхарчу доьшийлашка кечам бан аьтто хир бара берийн", - аьлла хета депутатна. Къоман дайн-нанойн комитетан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Азербайджано дIавелла Такаев Нохчийчуьрчу талламчаша левеш ву

Азербайджано еаридийнахь Оьрсийчоьне дIавелла Такаев Сайд-Хьусейн Нохчийчуьрчу Талламан комитетан каракхачийна. Такаевх бехк хьарчийна, гIаттамхойн тобанехь хилла аьлла. Шела кIоштахь 2001-чу шарахь кхоьллинчу гIаттамхойн тобан декъашхошлахь хилла, талламчаша бахарехь, бехкевийриг. Нохчийчохь фелералан ницкъашна дуьхьалонаш а латтош, эскархошна тIелатарш деш хилла цу тобанхоша. Масех шарахь гIаттамхошлахь а лелла, цул тIаьхьа Азербайджане дехьаваьлла хилла иза. Шела кIоштан кхело лаца кхайкхийнера Такаев. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Росгвардина тIелатар дарна шеконашкахь латточу нохчочо Украине тхвокIело йоьху

Росгвардина тIелатар дина аьлла, шеконашкахь латточу 25 шо долчу Бакаев Iелас Украинан миграцин хьукмате политикан тховкIело йоьхуш, дехар дина. "Кавказ.Реалиига" цунах лаьцна хаам кхачийна, Киеверчу Лукьяновскан СИЗО-хь латточу Бакаевс. Цо бахарехь, дехар деш кехат талламан изоляторе дIакхачийна Бакаевс. ДIахьедар шайга дIакхачарх хаам беш дуьхьал жоп а деана шена аьлла цо. Бакаевн гIуллакх дIадахьар шена тIелаьцна ООН-ан мигрантийн гIуллакхашкахула йолчу урхаллан "Iалашван бакъо" цIе йолчу партнеро-организацис. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Немцовн безамна у хIотточу ца баьхкина цуьнан гергарнаш а, доттагIий а

Кхо шо хьалха вийначу оппозиционеран Немцов Борисан безамна у схьадоьллуш ду Москох, иза ваьхначу цIийнехь пIераскандийнахь. Немцовн гергарчара а, цуьнан агIончаша а дуьхьало йина оцу бараме бахка. Немцовс кхоьллинчу "Солидаралла" цIе йолчу боламан политикан кхеташонан куьйгалхочо Яшин Ильяса а дIахьедина, Собчака вовшахтоьхначу оцу акцехь шайн организацино дакъа лоцур дац аьлла. "Тхуна халахетарг ду, президентийн харжамашкахь агитаци еш санна пайдаэцар Немцовн иэсах", - яздина Яшина Фейсбукехь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Экстремистийн литература лехна Соьлжа-ГIаларчу туьканашкахь

Еаридийнахь Соьлжа-ГIаларчу "Беркат" базарахь динах лаьцна литература юхкучу туьканашкахула хьовсуш лелла Iедалхойн тоба. Йохка магийна йоцу экстремистийн материалаш юй хьовсуш, теллина цара туьканаш. Динан, юкъараллан организацешца зIенаш латточу Департаментан а, прокуратуран а, экстремизмана дуьхьало латточу центран а векалш  хилла "Беркат" олучу йохка-эцаран базарахь талламаш бийраш. "Йинчу рейдашкахь Iедалша йихкина литература а, аудио-видео дискаш ца карийна. Оцу жамIаша а гойту, махкахь бечу белхо пайда бохьуш хилар"... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Косметологин центраш толлуш ю Нохчийчохь

Нохчийчуьрчу Кхерамзаллан Кхеташонан комиссино могушаллан министраллан а, Росздравнадзоран  а гIоьнца толлуш ю пластикан хирургица болх бен медицинан центраш. Цхьа могIа клиникашкахь бакъонаш талхийна меттигаш хаабелла. Лицензино магийна педиатрин, анестезин, кардиологин говзанчаш бац оцу центрашкахь, иштта шаьш йинчу операцех деш йозанаш а дац. Операцеш ян говзалла йолу нах а бац цигахь болх беш. И йоллу къепенаш битаме яло хан елла царна Iедалхоша. Цу кепара талламаш йоллу республикехь дIабахьа сацам бина комиссин декъашхоша. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Коммерцица йоьзна йоцчу организацешна ахча кхачийна Кадыровс

Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхо миллион сом грант елла коммерцица йоьзна йоцчу организацешна, церан социалан, юкъараллан, политикан проекташ кхочушъярехь гIо лоцуш. Уггар жигарчу юкъараллан куьйгалхошца Соьлжа-ГIалахь шен хиллачу цхьанакхетарехь бина цо и хаам. Иштта дийцаредина, цигахь юкъаралхоша республикан дахарехь дечу гIуллакхех а. Мехкан куьйгалхочун администрацин урхалхочо Израйилов IабдулкъахIира билгалдаккхарехь, Нохчийчохь болх беш ю 613 коммерцица йоьзна йоцу организаци ю. Царех 343 юкъараллан цхьанакхетарш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Памфилова: Маьршша ваха мегар ду Нохчийчу харжамашка

Муьлххачу пачхьалкхан регионе санна, маьршша Нохчийчу харжамашкахь дакъа лаца баха мегар ду тергамчаш аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан харжамийн комиссин куьйгалхочо (ЦИК) Памфилова Эллас. Цо бахарехь, Оьрсийчоьнан регионашлахь уггар паргIат, кхераме боцчу мехкех ю Нохчийчоь, бакъонашларъярхоша цхьацца претензеш яхь а. Кхерамзалла латтор ЦИК-ан компетенцехь дац, делахь а, ша реза ю шега далу гIо дан аьлла Памфиловас. Навальный Алексейн штабан юристашка, Нохчийчу тергамчаш санна боьлхучийн тептар шега кхачаде аьлла ЦИК-ан куьйгалхочо. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ВорхI шо кхаьчна Шемахь тIом болабелла

ВорхI шо кхаьчна Шемара тIом болабелла. Юьхьанца демократин боламашка гIертачу бахархоша айбина дуьхьалонан мур шайн караийцира Исламан пачхьалкх кхуллу шаьш аьлла, бусалба нах байа хIиттинчу наха. Царна дуьхьалъелира дуьненан ницкъийн коалици. Кхин мел бахлур бу тIом хууш дац тахана а.


Терапевт Кондрахин посоветовал идти к врачу при наличии болей в грудной клетке

Аргентинский тенор Хосе Кура войдет в состав жюри Конкурса вокалистов Хиблы Герзмава

РОСТОВ. В Москве взяли под стражу главу Следкома Таганрога Руслана Багмута

Доцент Фиронов: новые ставки утильсбора приведут к подорожанию авто с 1 октября



Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Парк благоустроили на Набережной улице в Долгопрудном

Grassa – новый итальянский ресторан на Патриарших

Блокада или мир: Лавров поставил США перед честным выбором

Российские власти намерены обновить отечественную энергосистему 

Музыкальные новости

В Подмосковье сотрудники Росгвардии задержали подозреваемого в убийстве

Актриса Галибина призналась, что Мадянов никогда не жаловался на боль

Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: Социальный фонд выплатит остатки материнского капитала менее 10 тысяч рублей

Желдорреммаш определил лучших работников локомотиворемонтных заводов 2024 года

Новости России

Свыше 60% преступлений среди подростков раскрыли в Чехове за восемь месяцев

Бывшему замглавы МЧС Кубани продлили арест до 4 ноября

Аргентинский тенор Хосе Кура войдет в состав жюри Конкурса вокалистов Хиблы Герзмава

РОСТОВ. В Москве взяли под стражу главу Следкома Таганрога Руслана Багмута

Экология в России и мире

Питание и здоровье: чего нам не хватает?

Масспостинг вертикальных видео в TikTok, Youtube-shorts, ВК-клипы, Reels.

Пластический хирург Александр Вдовин: как избавиться от мешков под глазами

Как стильные прически и отличный макияж могут изменить имидж

Спорт в России и мире

Павлюченкова объявила о досрочном завершении сезона

Токио (ATP). 1-й круг. Хуркач сыграет с Гироном, Берреттини – с ван де Зандшульпом

Александр Зверев снялся с турнира ATP-500 в Пекине

Теннисист Надаль вошел в состав сборной Испании на Кубок Дэвиса

Moscow.media

В Москве ежегодно состоялся юбилейный, всероссийский, патриотический гала-концерт «Проза и поэзия» «Россия - семья семей»

Задержан предполагаемый виновник смертельного ДТП с автобусом в Прикамье

Более 30 автодорог отремонтировали в подмосковном Красногорске

В городском округе Домодедово проведена агитационно-разъяснительная работа с населением о сохранности имущества.







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *